Грозненский рабочий | |
---|---|
![]() | |
Тайпа | йукъараллин а, политикин а |
Формат | А2 |
Коьрта редактор | Лёма Турпалов |
Кхоьллина | 1917 шо |
Мотт | оьрсийн |
Чухоам | 4 агӀо |
Коьрта офис | Москох |
Тираж | 110 000 (1971 шо) |
Веб-сайт | grozrab.org |
Грозненский рабочий — Нохчийн Республикин оьрсийн маттахь арахоьцу газет. Советан Ӏедал долчу хенахь иза дара Нохч-ГӀалгӀайн КПСС обкоман а, Министрийн Советан а орган. 1971 шарахь цуьнан тираж яра 110 эзар экземпляр[1].
Арахеца долина 1917 шарахь. Цуьнан хьалхара цӀе яра «Товарищ». Цул тӀехьа цуьнан цӀе масийттуза хицаелира — «Известия Грозненского Совета рабочих, крестьянских и казачьих депутатов», «Красный труд». 1924 шарахь цунна тиллира «Грозненский рабочий» цӀе. 1980-гӀа шераш чекхдолуш хенахь цуьнан цӀе тиллира «Голос Чечено-Ингушетии». 1991 шарахь цуьнан арахецар сецира. 1995 шарахь иза юха а арахеца долийра шен хьалхара цӀерца. Цу хенахь иза арахоьцура Минвод гӀалахь. Коьрта офис ю Москохахь. Газета хӀинца арахоьцуш ду Соьлжа-ГӀалахь.