Украина
Украина[11] (укр. Україна [ukrɑˈjinɑ] ) — Малхбален а, цхьаццанхьа Йуккъера Европин а пачхьалкх. Бахархой — гуттара веха вахархо 40 997 699 стаг, волуш волу вахархо 41 167 336 стаг[12] (дуьненахь 34-гӀа меттиг) . Йерриг майда — км² (дуьненахь 44-гӀа меттиг); Йерриг Европехь йолу майданца уггаре йоккху пачхьалкх.
Украина | |
---|---|
укр. Україна | |
Украинин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |
Официалан мотт | украинийн[1] |
Коьрта гӀала | Киев |
Урхаллин тайпа | парламентан-президентан республика[2] |
Президент Премьер-министр Лакхара Радин председатель Лакхара Суьдан председатель | Владимир Зеленский[3][4] Денис Шмыгаль[5] Руслан Стефанчук Станислав Кравченко |
Латта | |
• Шадерг | [lower-alpha 1] км² (44-гӀа дуьненахь) |
• % хина тӀехле | 7 |
Бахархой | |
• Мах хадор | ↘ 40 997 699[6] стаг |
ДЧС (НЭТ) | |
• Шадерг (2022) | ↘ 441 млрд$[7] долл. |
• ХӀораннан а сина | ↘ 12 660$[7] долл. |
Ахча | гривна, ₴ — (UAH, код 980) |
Интернет-домен | .ua, .укр[8] |
Код ISO | UA |
Код МОК | UKR |
Телефонан код | +380[9] |
Сахьтан аса | UTC+2 UTC+3 (аьхкенан хан; кхин а де-факто карара бевллачу мехкашкара ца хийцало хан[10]) |
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Коьрта шахьар а, уггаре йоккха гӀала а — Киев. Пачхьалкхан мотт — украинийн.
Украина — унитаран пачхьалкх а, ийна республика. Президентан дарж 2019 шеран 20 майхь дуьйна дӀалоцу Зеленский Владимир, премьер-министран дарж 2020 шеран 4 мартехь дуьйна ду — Шмыгаль Денисехь.
Мохк бекъало 27 административан-мехкан декъе, 24 царех область йу, 1 — автономин республика йу (ГӀирма), 2 гӀала (Киев, Севастополь[lower-alpha 2]) башха статусца.
Доза ду Белоруссица къилбаседехь, Польшица, Словакица, Мажарчоьнца — малхбузехь, Румыница а, Молдавица а[lower-alpha 3] — къилба-малхбузехь, Россица — малхбалехь а, къилбаседа малхбалехь а. Къилбехахь а, къилба-малхбалехь а Ӏаьржа а, Азовн а хӀордаш ду; хӀордаца дозанаш ду Румыница, Болгарица, Туркойчоьнца, Гуьржийчоьца[lower-alpha 4] Ӏаьржа хӀорд чухула, Россица — Ӏаьржа а, Азовн а хӀордаш чухула.
Украинин мехкан дакъа дола деш дац цуьнан Ӏедало, украинин законашца, уьш бу цхьаьна ханна оккупации йина мехкаш. 2022 шеран декабран хьелашца Российс факт хилла дӀалецира 18 % гергга Украинин мохк[13]Кеп:Переход.
Дин лелочеран доккхаха долу дакъа православин новкъахь бу, кхин а бу желтойн- а, руман а католицизман, йахӀудийн динан, исламан тӀехьабозурш.
2022 шеран ДЧС чухоам, лерина эцадаларан паритетца, иза хилира 441 млрд $ (12660 $ бахархойн цхьаьна синна). Номиналан ДЧС 2022 шарахь хилира 151,5 млрд $ (4350 $ бахархойн цхьаьна синна), ДЧС цхьаьна синан гайтамца (номиналан а, НЭТан а) Европехь тӀаьххьара меттигехь йу[14]. Ахча — гривна (UAH).
Мехкан Советийн Социалистийн Республикийн Союзах маршо, ткъа Украина цуьнан союзан республика йара 1922 шеран декабрехь дуьйна, Маршо кхайкхийна 1991 шеран 24 августехь. Пачхьалкхан-къоман ламастан а, УНР а когаметта йу[15], УССР когаметта йолу пачхьалкх[16], ССРС когаметтайерг[17], ВКъКх, ЛПД, ГУАМ, ӀЭЦКх, кхин дуьненайукъара кхолламаш кхуллуш дакъалаьцна, Европин барт йукъайаха официалан кандидат. Лелаш болчу дуьненайукъара берташца а, конвенцешца а, ӀаьржахӀордан хидоькъешна чухула атта дина лела бакъо йу[18], Антарктидехь Ӏилманан-талламан гӀуллакхаш леладо[19].
Географи
Украина йу Европина малхбален агӀорахь. 48,4 миллион адам дара цигахь Ӏаш 2001 шарахь (45,4 миллион 2012 шарахь). Пачхьалкхан майда йу 603 628 км². Иза шен регионехь уггара йокха пачхьалкх йу. Дуьненахь цуьнан адамийн дукхалла 30-гӀа меттехь ю, йоккхалла 40-гӀа меттехь йу.
Регионаш
ХӀост | ЦӀе | ЦӀе укр. | КӀошт | Статусаш ерш[20] гӀаланаш | Майда, эзар. км² | Бахархой берш, 01.03.2011, эзар. адам.[21] | Центр | Центр укр. | Код ISO 3166-2 |
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Автономин Республика ГӀирма (Баккъалла Российн Федераци тӀехьожуш ю) | Автономна Республіка Крим гӀирман гIез. Qırım Muhtar Cumhuriyeti, Къырым Мухтар Джумхуриети | 14 | 11 | 26,200 | 1963,0 | Симферополь[22] | Сімферополь гӀирман гIез. Aqmescit, Акъмесджит | UA-43 | |
Винницан область | Вінницька область | 27 | 6 | 26,513 | 1639,8 | Винница | Вінниця | UA-05 | |
Волинан область | Волинська область | 16 | 4 | 20,143 | 1037,1 | Луцк | Луцьк | UA-07 | |
Днепропетровскан область | Дніпропетровська область | 22 | 13 | 31,914 | 3333,4 | Днепропетровск | Дніпропетровськ | UA-12 | |
Донецкан область | Донецька область | 18 | 28 | 26,517 | 4427,0 | Донецк | Донецьк | UA-14 | |
Житомиран область | Житомирська область | 23 | 5 | 29,900 | 1277,9 | Житомир | Житомир | UA-18 | |
Закарпатьен область | Закарпатська область | 13 | 5 | 12,777 | 1247,6 | Ужгород | Ужгород | UA-21 | |
Запорожьен область | Запорізька область | 20 | 5 | 27,180 | 1799,5 | Запорожье | Запоріжжя | UA-23 | |
Ивано-Франковскан область | Івано-Франківська область | 14 | 5 | 13,928 | 1379,6 | Ивано-Франковск | Івано-Франківськ | UA-26 | |
Киеван область | Київська область | 25 | 13 | 28,131 | 1717,3 | Киев[23] | Київ | UA-32 | |
Кировоградан область | Кіровоградська область | 21 | 4 | 24,588 | 1008,7 | Кировоград | Кіровоград | UA-35 | |
Луганскан область | Луганська область | 18 | 14 | 26,684 | 2287,8 | Луганск | Луганськ | UA-09 | |
Львован область | Львівська область | 20 | 9 | 21,833 | 2543,4 | Львов | Львів | UA-46 | |
Николаевн область | Миколаївська область | 19 | 5 | 24,598 | 1182,1 | Николаев | Миколаїв | UA-48 | |
Одессан область | Одеська область | 26 | 7 | 33,310 | 2388,0 | Одесса | Одеса | UA-51 | |
Полтаван область | Полтавська область | 25 | 5 | 28,748 | 1485,8 | Полтава | Полтава | UA-53 | |
Ровнан область | Рівненська область | 16 | 4 | 20,047 | 1152,7 | Ровно | Рівне | UA-56 | |
Сумин область | Сумська область | 18 | 7 | 23,834 | 1159,9 | Суми | Суми | UA-59 | |
Тернополан область | Тернопільська область | 17 | 1 | 13,823 | 1083,2 | Тернополь | Тернопіль | UA-61 | |
Харькован область | Харківська область | 27 | 7 | 31,415 | 2752,2 | Харьков | Харків | UA-63 | |
Херсонан область | Херсонська область | 18 | 3 | 28,461 | 1087,2 | Херсон | Херсон | UA-65 | |
Хмельницкан область | Хмельницька область | 20 | 6 | 20,600 | 1325,9 | Хмельницки | Хмельницьки | UA-68 | |
Черкассин область | Черкаська область | 20 | 6 | 20,900 | 1284,1 | Черкасси | Черкаси | UA-71 | |
Черниговн область[24] | Чернігівська область | 22 | 3 | 31,865 | 1096,5 | Чернигов | Чернігів | UA-74 | |
Черновцин область | Чернівецька область | 11 | 2 | 8,097 | 904,2 | Черновци | Чернівці | UA-77 | |
Киев | Київ | 10[25] | 1 | 0,839 | 2800,4 | гӀала[26] | UA-30 | ||
Севастополь (Баккъалла Российн Федераци тӀехьожуш ю) | Севастополь | 4[25] | 1 | 1,079 | 380,8 | гӀала[26] | UA-40 |
Спорт
Украинашна йукъахь европин спортан тайпанаш даржа доладелла XX бӀешеран йуьххьехь. Маьрша Украинин Ӏедало, доккха маьӀна лора спорт кхиарна а, йаржарна а, кхочушйора йогӀуш йолу пачхьалкхан программаш, масала, Кегийрхойн а, спортан а гӀуллакхийн министраллин структурашкахула.
XXI бӀешо кхочуш махкахь дукха а, кӀезиг а тӀегӀанехь йаьржира йерриг ала мегар долуш аьхкенан спортан тайпанаш — божарийн а, зударийн а дисциплинаш. 2012 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь Украинин командо йаьккхира 6 дешин, 5 детин, 9 борзанан мидал.
2019 шарахь Футболех ловзаран Украинин гулйина команда (20 шо кхачанза) йаьккхира Кегийрхойн командашна йукъара футболех ловзаран дуьненан чемпионат 2019, доьналлица толам баьккхира Къилба Корейн командегара 3:1 жамӀаца, иштта дуьххьара дуьненан чемпион хилира.
Билгалдахарш
Комментареш
Коммент:
Хьосташ
Литература
Хьажоргаш
- Официальный сайт Украины для иностранцев(ингалс.)(нем.)(франц.)(испан.)(цийн.)(Ӏаьр.)
- Официальный сайт президента Украины Архивйина 2021-10-20 — Wayback Machine
- Семь чудес Украины
- Данные (инг.). Кху чуьра архивйина оригиналан 2003 шеран 16 апрелехь в Library of Congress
- Украина (инг.). Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 7 июнехь на UCB Libraries GovPubs
- Украина каталог чохь йу хьажоргаш Open Directory Project (dmoz).
- Украина на BBC News(ингалс.)
- Викиларма: Атлас: Украина
Цитатийн гӀалат: Тобан «lower-alpha» йолуш йолу тегашца <ref>
йогӀуш йолу тег <references group="lower-alpha"/>
ца карийна