1 апрель

Апрель
ОршШинКхаЙеарПӀеШотКӀи
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930     
2024 шо

Ӏиданаш а, иэсан денош а

Хьажа кхин а: Категори:1 апрелан Ӏиданаш

Дуьненайукъара

Къаьмнийн

  •  Иран — Исламан Республикин Иранан де (1979).
  •  Кипр — Ингалсан колонизаторшна дуьхьала маршонан къовсам болийна де.
  •  Сан-Марино — Керла Капитанан-Регентан дарж йукъадаккхар.
  •  КЪАР — Доьзалан де.
  •  Япон — Мияко одори (бӀаьстенан хелхаран фестиваль).

Хьехархойн

  • Макаренко Антон Семёновичан иэсан де (13.03.1888 — 1.04.1939).

Динан

Католицизм

  • Греноблан епископан Шатонёфан Хьюн[en] иэс, (1132);
  • Сардийн Мелитон иэс ( 180 гергга);
  • Ӏазапхочун Теодорин иэс;
  • аббатан Валарикан[en] иэс (622);
  • Арман Келлахан (Цельсан йа Целестинан)[en], архиепископан иэс (1129);
  • Жильберан[en], Кейтнессан епископан иэс (1245);
  • сийлахь Теудриган иэс.
  • Аквитанин Алиенорин иэс

Православи[1][2]

Слуцкан София
  • Ӏазапхойн Хрисанфан а, Дарьян а, цаьрца трибун Клавдийн а, цуьнан зудчун, кӀентийн Иасонан а, Мавран а, пресвитеран Диодоран а, диаконан Марианан а иэс (283 шо);
  • Ӏазапхочун Руман Панхарийн иэс (302 шо гергга)[3];
  • ша саннарг йоцу Пскован-Печерин Вассин иэс ( 1473 шо гергга);
  • ша саннарг воцу Комельски Иннокентийн, (Волошоски) иэс (1521 шо);
  • нийса лела Софиян, Слуцкан стун иэс (1612 шо);
  • дохковаьллачу Блинов Иоаннан иэс (1933 шо);
  • ша саннарг йоцу Ӏазапхочун монахиня Матронин (Алексеевин) иэс (1938 шо);
  • ша саннарг воцу Дайбабан Симеонан (1941 шо);
  • ша саннарг воцу Пскован-Печерин Симеонан (1961 шо);
  • Марйаман суьрташ долу жӀараш йазйар:
    • «Дог дашар», Смоленскаян (1103);
    • «Аз есмь с вами, и никтоже на вы» (Леушинскаян).

Хиламаш

Хьажа кхин а: Категори:1 апрелан хиламаш

XIX бӀешо кхачале

  • 286 — руман императоро Диоклетиана Максимиан Геркулийн цхьаьна урхалла дан йуьззина бакъонаш йелла, урхалла дан дӀайелла Руман империн малхбузен регионаш.
  • 325 — диъ шо долу Чэн-динан шен дегара Мин-дигара Цзинь империн Ӏарш кхаьчна.
  • 457 — Майориан руман император кхайкхина.
  • 527 — византин императоро Юстин I-чо шен вешин кӀант Юстиниан I-ниг шеца цхьаьна урхалча а хӀоттийна кхайкхийна хин волу император.
  • 568 — Лангобардаш Италин чубахаран йуьхьиг.
  • 998 — французийн паччахьан некъийн дас Гуго Капета паччахьалла шорйархьама шен кӀантана Роберт II Беркатесийдолчунна йалийна Сусанна Италихойн.
  • 1269 — Гданан хӀордйистан элас Мстивой II-гӀачо вассалан байӀат дина Бранденбурган маркграфашна.
  • 1340 — данихойн къоман турпалхочо Эббесен Нильса корта баьккхина немцой Данера сардалан Герхард III-гӀачун цуьнан вуьжучу цӀа чохь.
  • 1545 — хӀокху заманан Боливи махкахь детин рудникаш дӀайиллинчул тӀаьхьа кхоьллина Керлачу Дуьненан уггаре йаккхийчех шахьар Потоси.
  • 1572 — хӀордан гёзаша дӀалаьцна нидерландийн Зеланди провинцера Брилле шахьар, цунах сигнал хилира Нидерландашкара испанин колонин олаллин дуьхьала дерриг къоман гӀаттамна.
  • 1579 — йиллина Виленан университет.
  • 1625 — испанин-португалин тӀеман экспедицис Салвадор-да-Баия схьайаьккхина Голландин Вест-ХӀиндин компанегара.
  • 1734 — Луйсбургехь (Керла Шотланди) дӀайиллина Канадехь хьалхара маяк (локхалла 24 метр).
  • 1778керлаорлеанан бизнесмено Поллок Оливерана (инг. Oliver Pollock) дагайенина долларан билгало — $.

XIX бӀешо

XX бӀешо

  • 1901 — XX бӀешеран хӀордан бохамех уггаре баккхийчех цхьаъ: туркойн кема «Аслана» тӀулгаш тӀе хина доьхна ЦӀен хӀорд чохь; бохамехь велла 180 стаг[4].
  • 1902америкин накхаршлелорхочо Хеддон Джеймса (инг. James Heddon) патент йаьккхина дуьненахь дуьххьарлерачу чӀаралоцучу «The „Dowagiac“ Casting Bait» воблеран.
  • 1918
    • Кхоьллина Йоккха Британин хӀаваан ницкъаш.
    • Альбертан провинцехь (Канада) тӀеоьцусь «Малар дӀадоккху закон».
  • 1919 — Гропиус Вальтера дӀайиллина архитектурин ишкол Баухаус.
  • 1923 — 5 шо зама йукъадоьллучул тӀаьхьа йуха арахеца долийна «ЦӀе» журнал.
  • 1924 — Йина путчан белхан кхел кхайкхийна. Гитлер Адольфан кхелйина пхи шо Ландсберг гӀопера набахтехь даккха.
  • 1925Къудс-ГӀалахь йиллина «Жуьгтийн университет».
  • 1925 — Ленинградехь Губсуьдехь кхоьллина Криминологин кабинет (Ӏалашо – зулахой а, зуламалла а Ӏамор)барам 300 стаг сов[5].
  • 1926 — де Сент-Экзюпери Антуана зорба тоьхна шен хьалхара дийцар «Пилот».
  • 1931 — Ленинан цӀарах оьздангаллин ГӀала схьайиллина
  • 1931 — ГӀирмин медицинин институтехь йешна дуьххьарлера лекцеш (и де лдм кхоьллина де лору).
  • 1933нацистийн Германехь дӀахьо дерриг къоман цхьаьна дийнан жуьгтийн фирмийн а, туьканийн а бойкот.
  • 1936 — советийн соьман курс европин валютин тӀе ориентаци йина.
  • 1937 — «Грознефтестрой» трест болхбан йолаелла
  • 1937Йоккха Британис Британин ХӀиндин йукъара арайаьккхира Бирма.
  • 1938Швейцарехь хилира йеша къаьхьуон дуьххьарлера шуьйра презентаци.
  • 1939 — Испанера гражданийн тӀом чекхбалар. Франкос кхайкхабо шен буьззина толам.
  • 1940Нью-Джерсехь дуьххьара гойту электронан микроскоп.
  • 1946 — посёлок Саров хаьржина хьалхара советийн хоьънан центран йолу меттиг, хин йолу «Арзамас-16». ХӀинца — федералан хоьънан центр «Российн эксперименталан физикин Ӏилманан-талламан институт» (Нижегородски область).
  • 1948Фарерийн гӀайренашна автономи йелла Данех.
  • 1955 — ЭОКАс йолийна Йоккха Британин дуьхьала тӀеман кампани Ӏалашо йара Кипр Желтойчоьх дӀатохар.
  • 1960 — хьалахецна спутник TIROS-1[en], цуо дуьххьара космосера телевизион гайтина.
  • 1966Сенегалехь дӀайоьллу дуьненахь дуьххьарлера африкин говзаллин дуьненайукъара фестиваль.
  • 1969 — Цийчоьнан компартин IX гуламо кхайкхадо «оьздангаллин революци» чекхйалар.
  • 1969Новороссийскехь йолийна троллейбус лела.
  • 1970 — президента Никсон Ричарда ца магийна радиохь а, телевизионехь а тонкийн сурсатийн реклама.
  • 1972 — Intel компанис гайтина микропроцессор 8008.
  • 1976 — Джобс Стива, Возняк Стива, Уэйн Рональда кхуллу Apple Computer Company.
  • 1979
    • Март чекхболуш йинчу дерриг халкъан референдуман жамӀашца, аятолла Хомейнис Иран исламан республика кхайкхийна.
    • Берийн канал Nickelodeon гайта долийна АЦШ берриг махкахь.
  • 1981
    • Польшехь йукъадаьккхина дааран сурсаташ барамца декъар.
    • ССРС йукъадаьккхина рогӀехь аьхкенан ханна дехьадовлар.
  • 1984 — америкин музыкахо Гэй Марвин вийна шен дас шен 45 шо кочуш.
  • 1985 — йохка йолийна дуьххьарлера легенда хила серера Air Jordan кроссовкаш.
  • 1987 — америкахо Ньюмен Стивена[en] чекхдаьккхина диъ шо хьалха долийна дуьненна гуонах некъ бар, оцу деа шарахь гӀашша чекхваьлла 36 200 км йукъаметтиг, хилла пхеа континентан тӀера 20 махкахь.
  • 1994 — кхулу компьюьтрен арахецаралла литературин «Оьрсийн редакци», цуо контракт на до Microsoft Pressца.
  • 1995 — гайта ОРТ.
  • 1997
    • президент Ельцина куьг йаздина омранна российн «чинахой» даймешхкан автомобилаш тӀехь бен лелар бац аьлла. И ойла дагайаийтна керла хӀоттийначу вице-премьера дарже Борис Немцовс
    • Японехь арарайаьлла хьалхара кийсиг аниме «Покемон».
    • тӀеххьара перигелий кометан Хейла — Боппа.
  • 1999Канадехь Къилбаседа-Малхбузен махках схьакъастийна мохк Нунавут.

XXI век

  • 2001 – Нидерлашдашкахь йина цханасте-боршаллина бракаш.
  • 2002 — Нидерландшкахь цхьацца хьолашкахь бакъао йелла эвтанази йан.
  • 2003— кхайкхийна хин йолу приватизаци уггаре йоккхачу французийн авиакомпанин Air France».
  • 2003японин жӀаьала-робот динчо Aibo Масахиро Фудзитас (Masahiro Fujita) Sony лабораторера дакъа лаьцна волу керла гуманоид SDR-4X II, кхулушш вист хилла дӀахьедарца мегар дац уьш лело девнехь, Ӏиракъехь масасала.
  • 2004 — Граждански авиацин Федеральни урхалло йелла дуьххьара лицензи орбитин тӀе ваха – доалахь долу урхалла ден космосан кемаенахь «SpaceShipOne».
  • 2004 — дӀайиллина пошт Gmail Google компанис.
  • 2009Албани а, Хорвати а НАТОх дӀакхетта.
  • 2016 – болабелла тӀом Ламананан Карабахехь, бевза деадийнан тӀом санна

Бина

Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1 апрелехь

XIX бӀешо кхачале

  • 1431 — Франсуа Вийон (бакъ йолу фамили Монкорбье; велла 1463), французийн поэт.
  • 1578 — Уильям Гарвей (велаа 1657), ингалсхойн лор, анатом, хӀокху заманан физиологи а, эмбриологин а бухбиллинарг.
  • 1697 — Антуан-Франсуа Прево (велла 1763), французийн йаздархо.
  • 1730 — Соломон Гесснер (велла 1788), швейцарийн поэт а, исбаьхьалча а.
  • 1750 — Гуго Коллонтай (велла 1812), полякийн публицист а, Серлонан муьрере йукъараллин гӀуллакххо.
  • 1753 — Жозеф Мари де Местр (велла 1821), французийн йукъалаллин, пачхьалкхан гӀуллакххо, публицист а, динан философ, граф.
  • 1776 — Софи Жермен (йелла 1831), французийн зуда-математик а, механик а.

XIX век

Гоголь
  • 1809Николай Гоголь (велла 1852), прозаик, драматург, емалча, поэт, публицист, оьрсийн литературин классик.
  • 1815Отто фон Бисмарк (велла 1898), хьалхара канцлер Германийн империн (1871—1890).
  • 1831 — Альберт Анкер (велла1910), швейцарин исбаьхьалча а, график а.
  • 1837 — Хорхе Исаакс (велла 1895), колумбин йаздархо, политик, салти.
  • 1840 — Илларион Прянишников (велла 1894), оьрсийн исбаьхьалча-передвижник, хьехархо, академик.
  • 1860 — Сергей Реформатский (велла 1934), оьрсийн советийн химик-органик, металлоорганикин синтезан говзанча, ССРС ӀА член-корреспондент.
  • 1865 — Рихард Зигмонди (велла 1929), австрин-мажарчоьнан а, немцойн а химик, Нобелан совгӀатан лауреат (1925).
  • 1866 — Ферруччо Бузони (велла 1924), италихойн композитор, пианист-виртуоз, хьехархо, дирижёр.
  • 1867 — Юзеф Балзукевич (велла 1915), полякийн исбаьхьалча.
  • 1868 — Надежда Забела-Врубель (йелла 1913), оьсийн йеканча, исбаьхьачин М. А. Врубелан зуда.
  • 1868 — Эдмон Ростан (велла 1918), французийн поэт, драматург, юрист, Французийн академин декъашхо, «Сирано де Бержерак», «Орлёнок», кхечу а пьесийн автор.
  • 1870 - Таштемир Эльдарханов (велла 1934) — хьехархо, халкъан депутат, политикин белхало, серлонча.
  • 1873 — Сергей Рахманинов (велла 1943), оьрсийн композитор, пианист, дирижёр.
  • 1875 — Ричард Горацио Эдгар Уоллес (велла 1932), ингалсхойн йаздархо, киносценарист, драматург, журналист, фильманна «Кинг-Конг» сценарийн автор.
  • 1876 — Розалия Землячка (йелла 1947), российн революционер, советийн пачхьалкхан а, партийн а гӀуллакххо.
  • 1878
    • Арази (бакъ цӀе "Мовсес Арутюнян"; (велла 1964), эрмаойн советийн йаздархо.
    • Карл Штернхейм (велла 1942), немцойн йаздархо, йемалча, публицист, драматург.
  • 1879 — Илья Шатров (велла 1952), оьрсийн тӀеман музыкант, капельмейстер, композитор («Маньжурин гунаш тӀехь»).
  • 1882 — Поль Анспах (велла 1981), бельгийн фехтовальщик, олимпийн чемпион.
  • 1883 — Лон Чейни (велла 1930), америкин театран а, кинон а актёр, режиссёр, сценарист.
  • 1885 — Уоллес Бири (велла 1949), америкин театран а, кинон а актёр, "Оскар совгӀатан лауреат".
  • 1887 — Леонард Блумфилд (велла 1949), америкин моттхуург.
  • 1898 — Уильям Джеймс Сидис (велла 1944), америкин вундеркинд.
  • 1899 — Рубен Симонов (Бакъ фамили Симонянц; велла 1968), актёр, Вахтаговн цӀарах театран коьрта режиссёр, хьехархо, ССРС халкъан артист.

XX бӀешо

  • 1901 — Уиттекер Чемберс (велла 1961), америкин журналист а, советийн талламча а.
  • 1905
    • Олег Жаков (велла 1988), киноактёр а, кинорежиссёр а, ССРС халкъан артист.
    • Эмманюэль Мунье (велла 1950), французийн философ-персоналист.
    • Мария Смирнова (йелла 1993), советийн кинодраматург (сценареш: «Бабнаш», «Йуьртан хьехархо», кхин йерш а.).
    • Пол Хэзлак (велла 1993), Австралин инарла-губернатор (1969—1974).
    • Гастон Эйскенс (велла 1988), бельгин политик, кхузза Бельгин премьер-министран даржехь хилла 1940-гӀа — 1970-гӀа шешашка кхаччалц.
  • 1906 — Александр Яковлев (велла 1989), советийн авиаконструктор, академик ССРС ӀА, кеманаш ЯК серин динарг.
  • 1908 — Абрахам Маслоу (велла 1970), американский психолог, один из лидеров гуманистической психологии.
  • 1910 — Сергей Анохин (велла 1986), советийн пилот-зеделларг, Советски Союзан Турпалхо.
  • 1919 — Джозеф Эдвард Мюррей (велла 2012), америкин хирург-трансплантолог, Нобелан совгӀатан лауреат (1990).
  • 1920
    • Юрий Медведев (велла 1991), театран а, кинон а актёр («Человек-амфиби», "Турс а, тур а"), РСФСР халкъан артист.
    • Тосиро Мифунэ (велла 1997), японин актёр, «коьрта самурай» японин кинон.
  • 1921 — Андре Стиль (велла 2004), французийн йаздархо, Сталинан совгӀатан лауреат.
  • 1922 — Сергей Алексеев (велла 2008), советийн йаздархо, российн йаздархо, берийн дийцарийн автор.
  • 1926 — Энн Маккефри (велла 2011), америкин йаздархо-фантаст.
  • 1927 — Жак Майоль (велла 2001), французийн хинбухавоьдург, дуьххьара дуьненахь хин буха вахнарг 100 м кӀорге.
  • 1928
    • Валентин Берестов (велла 1998), оьрсийн советийн йаздархо, гочдархо, поэт-лирик, берийн йаздархо.
    • Кионори Кикутакэ (велла 2011), японин архитектор-метаболист.
  • 1929 — Милан Кундера, чехийн а, французийн а йаздархо-прозаик.
  • 1930 — Хорен Абрамян (велла 2004), театран а, кинон а актёр, театран режиссёр, хьехархо, ССРС халкъан артист.
  • 1933 — Клод Коэн-Таннуджи, французийн физик, Нобелан совгӀатан лауреат (1997).
  • 1934 — Владимир Познер, советийн, америкин, россин журналист, теле- а, радио- а хьалхелелорирг
  • 1939 — Геннадий Бортников (велла 2007), театран, кинон, радион советийн российн актёр, РФ халкъан артист .
  • 1940 — Вангари Маатаи (йелла 2011), кенийн йукъараллин гӀуллакххо, Нобелан совгӀатан лауреат (2004).
  • 1943
    • Марио Ботта, швейцарийн архитектор.
    • Пётр Зайченко (велла 2019) советийн а, российн а актёр театран а, кинон а РФ хьакъ долу.
  • 1944 — Владимир Крайнев (велла 2011), советийн а, российн а, немцойн а пианист, хьехархо, ССРС халкъан артист.
  • 1947 — Анатолий Днепров (велла 2008), советийн а, америкин а, российн а беканча, музыкант, композитор, поэт-йишйаккхархо.
  • 1950 — Билли Карри, ингалсан музыкант, эшалрийн автор, «Ultravox» тобана клавишник.
  • 1953 — Барри Зонненфельд, америкин кинорежиссёр, оператор, продюсер, актёр.
  • 1954 — Джефф Поркаро (велла 1992), америкин вотанча, композитор, продюсер, один из основателей рок-группы «Toto».
  • 1959
    • Хельмут Дукадам, румынин футболист, «Стяуа» кевнахо, йиъ пенальти йухатоьхна европин чемпиониийн кедехь 1986 шарахь.
    • Марина Яковлева, советийн а, российн а актриса.
  • 1961 — Серджо Скариоло, италихойн баскетболан тренер.
  • 1963 — Флемминг Давангер, норвегин кёрлингхо, олимпийн чемпион (2002).
  • 1964 — Скотт Стивенс, канадин хоккеист, Канадин кад баьккхинарг (1991), кхузза Стэнли кад баьккхинарг.
  • 1965 — Ольга Дроздова, советийн а, российн а актриса театран а, кинон а РФ халкъан артистка.
  • 1966 — Александр Сладков, российн тӀеман журналист, башха корреспондент ДИП «Вести» ЙПТРК.
  • 1971 — Святослав Ещенко, российн забарча, театран а, кинон а актёр, хабаран жанран артист.
  • 1973 — Анна Карин Зидек, шведийн биатлонист, олимпийн чемпион (2006), дуненан чемпион (2007).
  • 1975 — Магдалена Малеева, болгарин теннисхо, хилла йоьалгӀа дуьненан ракетка.
  • 1976 — Кларенс Зеедорф, нидерландин футболист а, тренер а.
  • 1978 — Анамария Маринка, румынин кинон а, телевизионан а актриса.
  • 1982 — Андреас Торкильдсен, норвегин цамзакхоссархо, шозза олимпийн чемпион (2004 а, 2008 а).
  • 1983 — Сергей Лазарев, российн беканча а, актёр а, телехьалхелелорг а.
  • 1986
    • Ирен Вюст, нидерландин конькеш хохкург, 6-зза олимпийн чемпион, дуккха дуьненан а, Европин а чемпион.
    • Monatik (Дмитрий Монатик), украинин беканча, хелхарча, хореограф, композитор, эшарийн автор.
  • 1987 — Дин Цзюньхуэй, цийн снукерсах ловзархо.
  • 1988
    • Брук Лопес, америкин баскетболхо.
    • Робин Лопес, америкин баскетболхо.
  • 1992 — Дэн Линьлинь, цийн гимнастка, шозза олимпийн чемпион.
  • 1997 — Эйса Баттерфилд, ингалсхойн актёр.

Белла

Хьажа кхин а: Категори:Белларш 1 апрелехь

XIX бӀешо кхачале

  • 1404 — Суздалан Евфимий (вина 1316), Спасо-Евфимийн монастырьйиллинарг а, сийлахь Оьрсийн православин килсан архимандрит а.
  • 1548 — Сигизмунд I Къенаниг (вина 1467), литвахойн сийлахь эла, полякийн паччахь (1506 шарахь дуьйна).
  • 1602 — Фаччини Пьетро (вина 1562), италихойн исбаьхьалча.

XIX бӀешо

Можайский
  • 1802 — Дюплесси Жозеф (вина 1725), французийн исбаьхьалча-портретхо.
  • 1856 — Вигель Филипп (вина 1786), оьрсийн йаздархо-мемуархо, Бессарабин вице-губернатор.
  • 1863 — Штейнер Якоб (вина 1796), швейцарин математик, хӀокху заманан синтетикин геометри йиллинчех цхьаъ.
  • 1865 — Паста Джудитта (йина 1798), италихойн оперин йишлакхархо.
  • 1890 — Можайский Александр (вина 1825), оьрсийн кхоллархо, контр-адмирал.

XX бӀешо

Макаренко
  • 1906 — Хетагуров Коста (вина 1859), поэт, хӀирийн литературин бухбиллинарг.
  • 1915 — Аберт Иоганн Йозеф (вина 1832), немцойн композитор а, капельмейстер а.
  • 1917 — Джоплин Скотт (вина 1818), афроамерикин композитор а, пианист а.
  • 1918 — Ренненкампф Павел тоьпаш тоьхна (вина 1854), оьрсийн тӀеман гӀуллакххо, дошлошкара инарла.
  • 1922 — Карл I (вина 1887), Австрин-Мажарчоьнан тӀаьхьара император (1916—1918).
  • 1926 — Калмыкова Александра (йина 1850), оьрсийн революционер, йукъараллин гӀуллакххо.
  • 1939 — Макаренко Антон (вина 1888), советийн хьехархо а, йаздархо а.
  • 1947
    • Георг II-гӀа (вина 1890), Желтойчоьнан паччахь (1922—1924 а, 1935—1947 а).
    • Зельдте Франц (вина 1882), немцойн политик а, пачхьалкхан гӀуллакххо а, къинхьегаман рейхсминистр (1932—1945).
  • 1962 — Гельдерод Мишель де (вина 1898), бельгин йаздархо а, драматург а.
  • 1965 — Рубинштейн Элена (йина 1872), хьуьнарча, АЦШхь, Францехь, Йоккха Британехь косметикин асанаш йехкинарг а, туьканийн машанаш бехкинарг а.
  • 1966
    • Димов Димитр (вина 1909), болгарин йаздархо а, драматург а, фашисташна дуьхьала йолу романийн автор.
    • Фланн О’Брайен (бакъ цӀе Бриан О’Нуаллан; вина 1911), ирландин йаздархо а, журналист а.
  • 1968 — Ландау Лев (вина 1908), советийн физик, ССРС ӀА академик, Нобелан совгӀатан лауреат (1962).
  • 1976 — Эрнст Макс (вина 1891), франкин-германин исбаьхьалча, скульптор.
  • 1977 — Осенев Владимир (вина 1908), советийн актёр, РСФСР халкъан артист.
  • 1981
    • Барто Агния (йина 1901), оьрсийн советийн йаздархо, берийн байтийн автор.
    • Рза Расул (вина 1910), Азербайджанийн ССР халкъан поэт, Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо.
  • 1984 — Гэй Марвин (вина 1939), америкин йишлакхархо, аранжировщик, музыкахо-мультигӀирсхо, эшарийн автор а, музыкин продюсер а.
  • 1985 — Тоидзе Ираклий (вина 1902), гуьржийн советийн суртдиллархо а, график а.
  • 1987 — Попов Владимир (вина 1930), советийн исбаьхьалча а, мультипликацин кинон режиссёр а, сценарихо а.
  • 1991
    • Грэм Марта (вина 1894), америкин хелхарча, хореограф, хьехархо, режиссёр.
    • Зелёная Рина (вина 1901), эстрадин, театран, кинон актриса, РСФСР халкъан артист.
    • Роведдер Детлев Карстен (вина 1932), малхбузагерманин политик, трастан Treuhand фондан корта, ГДР предприятешна приватизаци лелийнарг.
  • 1992 — Сергеев Константин (вина 1910), балетан артист, балетмейстер, хьехархо, ССРС халкъан артист.
  • 1994 — Дуано Робер (вина 1912), гӀараваьлла французийн суьрташдохург.
  • 1997 — Байтеряков Николай (вина 1923), Удмуртин халкъан поэт.
  • 1998 — ша шена тоьхна велла Розз Уильямс (винчу хенахь Роджер Ален Пейнтер; вина 1963), америкин музыкахо, «Christian Death», «Shadow Project», кхин а тобанийн декъахо.

XXI бӀешо

  • 2002
    • Коваленко Александр (вина 1943), советийн футболист.
    • Хяюхя Симо (вина 1905), финнийн иччархо, исторехь уггаре жамӀенарг.
  • 2006 — Мазурок Юрий (вина 1931), оперин йишлакхархо (баритон), ССРС халкъан артист.
  • 2008 — Дёмин Лев (вина 1923), советийн а, российн а малхбалейовзархо, дуьненайукъара журналист, историк.
  • 2010 — Робертс Генри Эдвард (вина 1941), америкин инженер-электронщик, персоналан компьютеран «да».
  • 2014 — Жак Ле Гофф (вина 1924), французийн историк-медиевист.
  • 2015
    • Леннон Синтия (йина 1939), британин музыкахочун Леннон Джонан хьалхара зуда.
    • Мисао Окава (йина 1898), японера дукхайаьхнарг, дуьненан уггаре къена йахархо.
  • 2016 — Томпсон Патрисия (йина 1926), америкин философ а, йаздархо а, Маяковский Владимиран йоӀ.
  • 2017 — Евтушенко Евгений (вина 1932), оьрсийн советийн поэт а, прозаик а, ССРС а, РФ а Пачхьалкхийн совгӀатийн лауреат.
  • 2018 — Давыдов Иван (вина 1918), советийн пачхьалкхан гӀуллакххо, ССРС махлелоран министран гӀовс (1969—1987).
  • 2019 — Макинтайр Вонда (йина 1948), америкин йаздархо-фантаст.
  • 2022 — Яковлева Александра (йина 1957), советийн а, российн а театран а, кинон а актриса, кинорежиссёр а, йукъараллин-политикин гӀуллакххо.

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

Хьажоргаш