Яьсси

(Ясси тӀера хьажжина кхуза)

Яьсси[2] (гӀум. Яхсайсув[3], коьртехь — Беной-Яьсси[4]) — хи охьадогӀу Нохчийчоьнан Нажи-Йуьртан кӀоштан а, Гуьмсан кӀоштан, ДегӀастанан Ботлихан а, Ӏовхойн а, Бабаюртан а, Хаси-Эвлан а кӀошташкахула. Хин охьане — 14,5 м/км[5].

Яьсси
гӀум. Яхсайсув, оьрс. Аксай
Сурт
Амал
Дохалла144 км
Бассейн1390 км²
Хи дайар5,17 м³/с (Ишхой-Йурт)
ДӀаэхар
Хьост 
 • Эрк долу меттигИшхеш, Ботлихан кӀошт
 • Локхалла2080 м
 • Координаташ42°50′59″ къ. ш. 46°19′23″ м. д.HGЯO
ХикхочеГӀурий
 • Эрк чекхдолу меттигХаси-Эвлан кӀоштан Харахински гӀотан уллехь
 • Локхалла-13,9 м
 • Координаташ43°27′47″ къ. ш. 46°50′07″ м. д.HGЯO
Хин охьане14,5 м/км
Эрк долу меттиг
Хин системаГӀурий → ГӀой-хи → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
РегионашНохчийчоь, ДегӀаста
Код  ПХР чохь07030000212109300000116[1]
Яьсси (ДегӀаста)
хьост
хикхоче

Географи

Схьадолу Ишхеш дукъан къилбаседа басера. Хьостан локхалла — 2080 м хӀордан тӀегӀан тӀиера[5]. Кхета Яьссин хи латтийлех, иза йу татолца ГӀурий эрках дӀатоьхна. Дохалла – 144 км, Хи гулден майда — 1390 км², юккъера локхалла — 444 м. Майдан доккхаха долу дакъа (87 %) 1000 м лахахь ду, 11 % майда 0 метрал лахахь йу.

Гидрологин талларалла

Эркан раж теллина 1994 шо кхачале гидрологин посташкахь: йуьхьанца Ишхой-Йуртахь, тӀаьхьа СогунтӀехь. 2008 шарахь дуьйна йиллина шеран заманаш пост Яьссин хи латтийлин чуволучехь — ЧагӀаротар. Кхин а цхьацца шерашкахь гидрологин посташ лаьттира эвланашкахь Гезлой-Эвла, БоргӀан-Гечу, Таьшкичу, ЧагӀаротар.

Гидрологи

Эркан амал хийцало лакхьа мел волу — лакхахь иза ломан амал ю, ткъа лахенашкахь амал хуьлу аренан. Коьрта хи Яьссин схьадолу лаьттах. Эрк деста шеран йовхачу хенахь, ткъа Ӏай хи охьадолу. Герзель-Эвлан лахара Ӏаламан хин раж галйаьккхина аренашна хи дилла шортта хи дайаро.

Шарахь дойу хин йуккъера барам — 5,17 м³/с, максимум хи — 690 м³/с. Эркан лахенашкахь амалехь душ орта хино деина тӀулгаш, гӀум, хин юккъера кегадалар хуьлу 6500 г/м³. Хино хьаькхна латта, гӀум цхьацца шерашкахь кхочу 1,3 млн тонне.

Геннаш

Эркан коьрта геннаш ду: Хори-Элк (аьрру), БелгӀатой-Яьсси (аьрру), Ямансу (аьтту).

Билгалдахарш

Литература

  • Ресурсы поверхностных вод СССР том 9, Закавказье и Дагестан, вып. 3, Дагестан
  • Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
  • Аксай (приток Акташа) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.

Кеп:ДегӀастанан хиш

Кеп:ГӀой-хин бассейн