Ширча-Эвла

Ширча-Эвла[2], кхин йоккху цӀерш Ширча-Ӏовх[3][4][~ 1] (оьрсийн шира хьосташкахь хьехош йу «Старый Окох» цӀарца, (1944 ш. дуьйна эвлан цӀе йу Калининаул) — ДегӀастанан Казбековн кӀоштара нохчийн эвла. Халкъан депутатийн III Гуламан сацамца, Ширча-Эвла а, Пхьарчхошка а меттахӀоттош йолучу Ӏовхойн кӀоштан йукъа йаха йезаш йу[5].

Эвла
Ширча-Эвла
Ширча-Эвла стиглара хаьжча
43°04′25″ къ. ш. 46°33′51″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
РеспубликаДегӀаста
КIоштКазбековн
Истори а, географи а
Сахьтан асаUTC+3
Бахархой
Бахархой5231[1] стаг (2017)
Къаьмнийн хӀоттамнохчий, суьйлий
Динан хӀоттамбусулбанаш
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код+7 87279
Поштан индекс368157
Автомобилан код05
Код ОКАТО82222000008
Код ОКТМО82622440101
Номер в ГКГН0146223
Картин тӀехь
Ширча-Эвла картан тӀехь
Ширча-Эвла
Ширча-Эвла картан тӀехь
Ширча-Эвла
Ширча-Эвла картан тӀехь
Ширча-Эвла
Ширча-Эвла (Ӏовхойн кӀошт)
Ширча-Эвла
Ширча-Эвла Ӏовхойн кӀоштан картан тӀехь

ДегӀастанан историкаш дийцарехь Ширча-Эвлан истори ширачу тептаршкахь йолалуш йу 5 бӀешарахь дуьйна[6]. Ширча-Эвла хилла нохчийн пачхьалкхан коьрта гӀала XVI—XVII бб. оьрсийн документашкахь иза йевзаш йу Ӏовхойн латта «Окоцкая земля» цӀарца[7]. Тахана лерачу дийнахь эвлахь дехаш ду нохчийн-Ӏовхойн тайпанаш: Бийтарой, Ваьппий, Ноккхой, ЧӀаьнтий, Чонтой, Шинрой, Ӏаккой.

Географи

Ширча-Эвла ГӀурий хина аьтту агӀора йу, Сал-хи цуьнах кхетачехь, Пхьарчхошка эвлан дуьххьала, Хаси-Эвлан 18 км къилбехьа, Нохчийчоьна дозана гена йоцуш.

Уллера нах беха меттигаш: къилбаседехьа йу — Пхьарчхошка, къилбехьа йу — Алмакх, малхбузехьа йу — Гилна а, Зандакъ а, малхбалехьа йу — Дылым.

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1926[8]2002[9]2008[10]2010[11]2012[12]2013[13]2014[14]
1205443949204531467747924876
2015[15]2016[16]2017[1]
495051175231

Эвлахь бехаш бу — 4,4 эзар 74 % суьйлий а, 24 % — нохчий а (2002 ш.)[17].

Истори

ХӀинцалерачу талламхошна эвла йиллина зама ца йевза. Эвла йилина дуккха хан хилар гойту эвлан цӀеро — Ширча-Эвла. Нохчийн талламхочо-мохкӀаморхочо, хьехархочо, халкъан поэто А. С. Сулеймановс чӀагӀдора, аренан хаамашца, цхьаьна могӀара Пхьарчхошка эвланца, йуккъера бӀешерера Ширча-Эвла йара уггаре шира Ӏовхой хевшина меттиг. Бахархой тӀекхетар бахьнехь нисса кхузара дӀасабаьржина ГӀой-хин, Теркан кӀошташка, Каспий-хӀорд тӀекхаччалц[18]. ДегӀастанан историкаш дийцарехь Ширча-Эвлан истори историн документашкахь йолалуш йу 5 бӀешарахь дуьйна[6].

XVI—XVIII бӀешерашкахь Ширча-Эвла йара ломан кӀажера ГӀой-хин тӀиера Яьсси тӀекхаччалц уггаре йаккхийчех Ӏовхойн эвла. Нохчийн Ӏилманчо, и.Ӏ.к. А. А. Адилсултановс дийцарехь, оцу муьрехь а эвлахь хилла ийна тайпанаш[19]. Ширча-Эвла хьахайо XVII—XVIII бӀешерийн оьрсийн документашкахь йоккха эвла «Старый Окох» (Шира Окох) аьлла[20][21].

Махкахбахар а, цӀабахкар а

Ширча-Эвла (Ширча-Эвлан сельсоветца) 1944 шо кхаччалц Ӏовхойн кӀошт йукъахь йара. 1944 шарахь Йуккъера Ази нохчий арабаьхначул тӀаьхьа церан меттана охьаховшийра луларчу Алмакх эвлара жӀайхой[22].

1956 шарахь нохчашна пурба делира Кавказе йухаберза, амма ДегӀастана куьйгалло дихкира нохчийн-Ӏовхоша шайн дайх йисинчу Ӏовхойн кӀоштан эвланашка охьаховша, дукхаха болу Ширча-Эвлан бахархой охьахевшира Хаси-Эвлан кӀоштара Керла-Йурт (Новосельски)[23].Масех шо даьллачул тӀаьхьа Ӏовхой шайн хӀусамаш жӀайхошкара эца буьйлабелира[24].

Нохчий цӀабирзинчул тӀаьхьа дуьйна нохчаша а, жӀайхоша а цхьаьна маьждигехь ламаз а ца до, ткъа иштта цхьаьна Ӏиданаш а ца до[25].

2007 шарахь 29 августехь Ширча-Эвлахь дов хилира 100 стаган йукъахь, 15 шо тӀиера 30 шо кхаччалц болчу нохчашна а, жӀайхошна а. Оцу девнехь лазийра 8 стаг, царна йукъахь шиъ милцо а. Девна йукъара 15 нохчо[26] лецира бакъо ларъечу меженаша[26][27][28].

Тахана йоьду Ӏовхойн кӀошт меттахӀотторан процесс, гӀазгӀумкий кхалхош бу Новолакски кӀоштара Хинжа-ГӀалан герга, жӀайхой реза хилла ца кхалха нохчашца цхьана баха меттахӀоттийначу кӀоштахь[29].

XX бӀешаран маьждиг

Ширачу эвлан йукъахь ду ХХ бӀешеран йуьххьехь дина болх беш долу маьждиг, иза Ӏовхойн архитектурин иэс йу.Баккхийчара дийцарехь маьждиг йуха дина, хьалха буьйда кибирчагех дина хилла маьждиган меттехь, керланиг дийзира бахархой тӀекхетар бахьнехь, эларчу бахархоша маьждиг дуттуш мехах белхалой лелийра.

Кибирчигаш йира даккхийчу гӀамаран тӀулгех, уьш меттигерчу бахархоша бахьара Гебек-кхала ломан кӀожашкара говран ворданаш тӀаьхь, тӀулгаш деира цхьацца, тӀаккха тодира. Кибирчиг йуттуш лелийра котаман хӀоьаш тоьхна киран берам, цуо дуккхаза а чӀагӀйора бераман микродакъолгаш, маьждиган монолитан чӀагӀо а лора.

Уггаре доккха дакъа лаьцна эвлара бахархойн лерамна кечйира тайп-тайпана бустамаш дехкина, Ӏаьрбийн маттахь церан цӀераш йазйина кибарчигаш.Маьждиган шиъ коьрта неӀ йу, цхьанна тӀехула говр а, турца лаьхьа буьйш бере а, ткъа шолгӀачу неӀаран нартол тӀехь Давудан Седа а, лоьман сурт а ду[30].

Тайпанаш

Эвлахь Ӏаш ду Ӏовхойн тайпанаш:

  1. Бийтарой,
  2. Ваьппий,
  3. Ноккхой,
  4. Чонтой,
  5. ЧӀаьнтий,
  6. Шинрой,
  7. Ӏаккой.

Суьрташ

Микротопонимаш

Нах беха меттигаш

  • Олбар-Отар
  • АлгӀотаран-басе[31]
  • Адаште-кӀажа[32]
  • Батаршан-мохк[33]
  • Баьте-мохк[34]
  • Дукх-кӀажа[35]
  • Заурбен-кӀажа[33]
  • Иласханан-дукъ[31]
  • ИсмаьӀалан-кӀажа[33]
  • Кевен-кӀажа[35]
  • Мухьин-басе[31]
  • Ойсхар-мохк[31]
  • ОтартӀе[31]
  • Сатон-акъара[36]
  • Тохтабен-мохк[33]
  • Устарханан-дукъ[31]
  • Хьуьсен-кӀажа[35]
  • Элийбаввинчу[37]
  • Наден-кӀажа[31]

Хьосташ

  • Ате-хьаст[38]
  • Ахо-хьаст[38]
  • Аче-хьаст[38]
  • Iабдалхан-хьаст[38]
  • БиIали-хьаст[38]
  • ЧIохе-хьаст[38]
  • Лане-хьаст[38]
  • Израили-хьаст[38]
  • Жабраили-хьаст[38]
  • Тарм-хьаст[38]
  • Ойсхар-хьаст[38]
  • Мухи хьаст[38]
  • Дули-хьаст[38]
  • Дагара-хьаст[38]
  • Шахьгери-хьаст[38]
  • Гехе-хьаст[38]
  • Сиопа-хьаст[38]

Кешнаш

  • Шира-кешнаш[34]
  • Кхарной-кешнаш[34]
  • Ших-кешнаш[38]
  • Олбар-кешнаш[38].

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхой

Декъашхой
  • 1. Абубакиров X.
  • 2. Абдулкагаров П.А.
  • 3. Авдиев К.Р.
  • 4. Авдиев П.Р.
  • 5. Адамшиев З.М.
  • 6. Адамшиев З.А.
  • 7. Адамшиев Н.Л.
  • 8. Адахмаев Х.А.
  • 9. Адилов А.К.
  • 10. Алиев А.А.
  • 11. Алдамов М.Д.
  • 12. Арзамханов З.А.
  • 13. Арсаналиев П.И.
  • 14. Асиев А.Я.
  • 15. Асиев О.А.
  • 16. Асиев Т.А.
  • 17. Атаев З.А.
  • 18. Атаев О.А.
  • 19. Ахиев А.А.
  • 20. Ахиев Д.А.
  • 21. Ахиев П.А.
  • 22. Багаев А.Б.
  • 23. Байболатов А.Б.
  • 24. Байболатов В.Б.
  • 25. Байгереев А.Б.
  • 26. Байгереев Д.Б.
  • 27. Байгереев Я.Б.
  • 28. Байсултанов С.И.
  • 29. Байсунгуров А.Б.
  • 30. Байсунгуров Д.Б.
  • 31. Бамматханов Н.Б.
  • 32. Баксашвили Т.И.
  • 33. Батаев М.И.
  • 34. Батаев Н.Ч.
  • 35. Батиев Ж.Б.
  • 36. Батиев Т.Б.
  • 37. Ботиев В.Б.
  • 38. Ботиев И.Б.
  • 39. Бацаров Г.С.
  • 40. Бекиев А.С.
  • 41. Бийсолтанов В.Г.
  • 42. Бисолтанов Д.Б.
  • 43. Болатханов С.Т.
  • 44. Витаев А.Г.
  • 45. Гагаев А.М.
  • 46. Гантемиров Б.Г.
  • 47. Гантемиров Д.Г.
  • 48. Гантемиров М.Д.
  • 49. Гиримов Х.Г.
  • 50. Гиримов Д.Г.
  • 51. Гойболатов А.Г.
  • 52. Гусейнов С.Г.
  • 53. Дагаев А.А.
  • 54. Дагаев А.А.
  • 55. Дагиров Ж.А.
  • 56. Дагиров К.А.
  • 57. Дадаев З.Д.
  • 58. Дадаев З.Д.
  • 59. Дадаев З.А
  • 60. Дарцаев Д.Д.
  • 61. Дарцаев К.Д.
  • 62. Дахмалиев А.
  • 63. Девлеткаев М.Д.
  • 64. Джабраилов С.Э.
  • 65. Джамаев Д.Д.
  • 66. Джамаев Я.Д.
  • 67. Дудаев А.Д.
  • 68. Ибиев В.Г.
  • 69. Ильясов М.И.
  • 70. Исмаилов А.Л.
  • 71. Исмаилов И.И.
  • 72. Исмаилов Н.И.
  • 73. Исхаков В.И.
  • 74. Кагерманов У.К.
  • 75. Кагерманов П.К.
  • 76. Кадыров Д.И.
  • 77. Кадыров П.И.
  • 78. Кадыров Х.И.
  • 79. Кугиев А.Г.
  • 80. Лулаев М.Д.
  • 81. Лулаев З.Д.
  • 82. Лулаев З.Д.
  • 83. Магомедов А.М.
  • 84. Матаев А.М.
  • 85. Махтиханов В.А.
  • 86. Мингбатыров М.М.
  • 87. Моллаев З.А.
  • 88. Мусхаджиев Б.М.
  • 89. Нетиев А.Б.
  • 90. Отарбиев А.С.
  • 91. Отмешов З.А.
  • 92. Салахбеков Р.С.
  • 93. Суйначханов Д.Д.
  • 94. Суйначханов И Л
  • 95. Султанбеков З.А.
  • 96. Султанбеков З.А.
  • 97. Султанбеков З.А.
  • 98. Таймасханов М.Г.
  • 99. Таштиев И.Т.
  • 100. Темирболатов З.Д.
  • 101. Темирболатов С.Д.
  • 102. Темуруев В.Г.
  • 103. Тепсуркаев М.Т.
  • 104. Умалатов З.Д.
  • 105. Умалатов З.У.
  • 106. Умаев С.А.
  • 107. Умаханов Г.У.
  • 108. Устарханов Т.У.
  • 109. Хаджиев А.Х.
  • 110. Хаджиев З.Ш.
  • 111. Хаджиев З.С.
  • 112. Хаджиев О.Х.
  • 113. Хаджиев К.Д.
  • 114. Хаджиев Р.Х.
  • 115. Хаджимурадов А.Х.
  • 116. Хаджимурадов А.Х.
  • 117. Хаджимурадов Д.Х.
  • 118. Хаджимурадов M.X.
  • 119. Хаджимурадов Ю.Х.
  • 120. Халимов И.Х.
  • 121. Халимегов У.Х.
  • 122. Халимегов Х.А.
  • 123. Ханбулатов И.Х.
  • 124. Хасаханов Г.Х.
  • 125. Хасаханов М.Л.
  • 126. Хухаев С.Б.
  • 127. Цуцаев М.М.
  • 128. Шаипов У.Б.
  • 129. Шаипов Х.Б.
  • 130. Шавхалов Х.Ш.
  • 131. Шовхалов В.А.
  • 132. Шовхалов В.А.
  • 133. Эльдарханов И.М.
  • 134. Эльдарханов С.М.
  • 135. Эльдарханов Т.Г.
  • 136. Эсенбулатов В.У.
  • 137. Эсенбулатов В.У.
  • 138. Юзаширов Д.А.
  • 139. Юзяширов С.А.
  • 140. Яширов Т.Г.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Комменташ
Хьосташ

Литература