Сокк, Тийт Аугустович

Сокк Тийт Аугустович (эстон. Tiit Sokk; вина 1964 шеран 15 ноябрехь, Таллинехь, Эстонийн Советийн Социалистийн Республика, ССРС) — советийн а, эстонийн а баскетболхо, олимпийн чемпион, ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1988). Ловзар дӀахьо турсло.

Сокк Тийт
эстон. Tiit Sokk
Эстонин байракх Тарту Юликоол/Рок – Коьртачу тренеран ассистент
ПозициЛовзар дӀахьо турсло
Локхалла195 см
Возалла99 килограмм
Гражданалла ССРС Эстони
Вина терахь1964 шеран 15 ноябрь({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (59 шо)
Вина меттигТаллин

Командаш
1981—1984Байракх ССРС Калев
1984—1986Байракх ССРС Динамо (Москох)
1986—1991Байракх ССРС Калев
1992—1996Желтойчоьнан байракх Панатинаикос
1996—1997Эстонин байракх Калев
1997—1998Желтойчоьнан байракх Арис
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташССРС Спортан хьакъ долу говзанча — 1988
Мидалш
Олимпийн ловзарш
ДешиСеул 1988баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
ДетиИспани 1986
ДетиАргентина 1990
Европин чемпионаташ
БорзаЗагреб 1989
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Чекхйаьккхина Таллинан спортан интернат (1983), Таллинан политехникин институт (1984).

Биографи

Баскетболан тренеран кӀант.

  • 1988 шеран Олимпийн чемпион ССРС гулйина командин йукъахь.
  • Дуьненан чемпионатийн ССРС гулйина командин йукъахь шозза детин совгӀатхо (1986 а, 1990 а).
  • 1989 шеран Европин чемпионатан ССРС гулйина командин йукъахь борзанан совгӀатхо.
  • 1991 шеран ССРС чемпион таллинан «Калев» йукъахь.

Ловзархочуьнан карьера чекхйаьккхина 1998 шарахь.

1999—2004 а, 2005—2008 а шерашкахь — таллинан Нюбит клубан коьрта тренер.2003, 2004−2006шерашкахь — баскетболех ловзаран Эстонин божарийни гулйина командин коьрта тренер.

ХӀинца — Таллинехь ша йиллинчу берийн-жимахойн баскетболан ишколан директор.

Тийтан кӀентий Танел а, Стэн-Тимму а — иштта профессионалан баскетболхой бу.

Карьера

  • 1981−84, 1986−1991, 1996−1997 шерашкахь — «Калев» (Таллин)
  • 1984−1986 шерашкахь — «Динамо» (Москох)
  • 1992−1996 — «Панатинаикос» (Афина, Желтойчоь)
  • 1997−1998 — «Арис» (Салоники, Желтойчоь)

СовгӀаташ

  • Российн Федерацин Президентан Баркалалла (2006 шеран 21 декабрехь) — доттагӀаллин йукъаметтигаш чӀагӀйаран а, спортан областехь пачхьалкхашна йукъахь цхьаьнагӀуллакхдар киоран а гӀуллакхашна[1]

Билгалдахарш

Хьосташ

  • Российн баскетболан 100 шо: истори, хиламаш, адамаш: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9

Хьажоргаш