Райт, Делон

Райт Делон Реджиналд (инг. Delon Reginald Wright; 1992 шеран 26 апрель[1], Лос-Анджелес, Калифорни[1]) — америкин профессионалан баскетболхо, ловзуш ву КъБА «Атланта Хокс» клубехь. Ловзуш ву ловзар дӀахьо а, тӀелета а турслочун позицехь. Хаьржира 2015 шеран КъБА драфтехь 20-гӀа лоьмарца.

Райт Делон
инг. Delon Wright
АЦШн байракх Атланта Хокс— № 0
Позициловзар дӀахьо турсло
ТӀелета турсло
Локхалла196 см
Возалла84 кг
Гражданалла АЦШ
Вина терахь1992 шеран 26 апрель({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})[1] (32 шо)
Йина меттиг
ИшколЛеузингер (Лондейл, Калифорни)
КолледжСан-Францискон колледж (2011—2013)
Юта (2013—2015)
Драфт КъБА20-гӀа (1-ра раунд), 2015, Торонто Рэпторс

Командаш
2015—2019Канадин байракх Торонто Рэпторс
2015—2017 Канадин байракх Рэпторс 905
2019АЦШн байракх Мемфис Гриззлис
2019—2020АЦШн байракх Даллас Маверикс
2020—2021АЦШн байракх Детройт Пистонс
2021АЦШн байракх Сакраменто Кингз
2021—хӀ. а.АЦШн байракх Атланта Хокс
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
  • 2-я NCAA йерригамерикин баскетболан божарийн гулйина 2-гӀа команда (2015)
  • Коузи Бобан цӀарах совгӀат (2015)
  • Pac-12 конференцин седарчийн 1-ра гулйина команда (2014, 2015)
  • Pac-12 конференцин дуьхьалонан седарчийн гулйина команда (2014, 2015)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Профессионалан карьера

«Торонто Рэпторc» (2015—2019)

2015 шеран 25 июнехь Райт хаьржира КъБА драфтехь 20-гӀа лоьмарца «Торонто Рэпторс» клубо[2]. 2015 шеран 3 июлехь цуо керлачу ловзархочун контрактан куьг йаздира «Рэпторсца»[3]. 2016 шеран 8 апрелехь, «Торонтон» седарчаша Дерозан Демара а, Лоури Кайла а садоӀучу хенахь, Райт кхоьссира шеран рекордан 19 очко толаман матчехь «Индиана Пэйсерс» клубан тӀехь (111:98)[4].

2016/2017 шеран доккхаха долу дакъа Райта йукъаха дитира аьтту белаш лазйар бахьнехь[5].

2018 шеран 3 январехь кхоьссинчу очкошца (25) а, схьаэцарца а (13) Райта хӀоттийра долара рекорд толам баьккхинчу матчехь «Чикаго Буллзан» дуьхьала (124:115), кхин а иза йара дуьххьарлера дабл-дабл Райтан КъБА карьерехь[6].

Мемфис Гриззлис (2019)

2019 шеран 7 февралехь Райт а, Майлз Си Джей а, Валанчюнас Йонас а, 2014 шеран драфтан шолгӀа раундан харжам а хийцира «Мемфис Гриззлис» Газоль Марках[7]. 2019 шеран 5 апрелехь Райта шен долара жамӀаллин рекорд карлайаьккхира, 26 очко а кхоьссина «Даллас Мавериксан» дуьхьаларчу матчехь, кхин а цуо йира карьерехь дуьххьарлера трипл-дабл 14 ассисташца а, 10 схьаэцарца а. Кхин а 2 де даьлча, 2019 шеран 7 апрелехь, Райта йира шолгӀа трипл-дабл (20 очко, 12 ассист, 13 схьаэцар). 2019 шеран 10 апрелехь Райта йира кхоалгӀа трипл-дабл (13 очко, 11 ассист, 11 схьаэцар).

«Даллас Маверикс» (2019—2020)

2019 шеран 8 июлехь Райт сайн-энд-трейд схемица дехьавелира «Даллас Мавериксе», «Гриззлисан» Райтах драфтан шолгӀа раундера 2 харжам белира, Сатнам Сингхан драфт-бакъонаш а йелира[8].

Детройт Пистонс (2020—2021)

2020 шеран 27 ноябрехь Райт кхаа агӀора хийцам бина «Оклахома-Сити Тандер» клубо дакъа лоцуш «Детройт Пистонсца» хийцира[9].

«Сакраменто Кингз» (2021)

2021 шеран 25 мартехь Райт дӀавелира «Сакраменто Кингз» команде Джозеф Корица а, драфтан шолгӀа раундера харжамах а[10].

Статистика Джи-Лигехь

ШоКомандаРогӀера шоПлей-офф сери
GPGSMPGFG%3P%FT%RPGAPGSPGBPGPPGGPGSMPGFG%3P%FT%RPGAPGSPGBPGPPG
2015/16Рэпторс 905151535,753,636,080,65,06,51,60,617,7НУ{{{15}}}{{{16}}}{{{17}}}{{{18}}}{{{19}}}{{{20}}}{{{21}}}{{{22}}}{{{23}}}{{{24}}}
2016/17Рэпторс 9055530,143,10,079,22,85,21,81,612,6НУ{{{15}}}{{{16}}}{{{17}}}{{{18}}}{{{19}}}{{{20}}}{{{21}}}{{{22}}}{{{23}}}{{{24}}}
Йерриг202034,351,331,080,24,56,21,70,916,5НУ{{{15}}}{{{16}}}{{{17}}}{{{18}}}{{{19}}}{{{20}}}{{{21}}}{{{22}}}{{{23}}}{{{24}}}
Дехкан курсор таблицин коьртера аббревиатурин тӀехьажъе, иза йеша лаахь

Статистика колледжехь

ШоКомандаGPGSMPGFG%3P%FT%RPGAPGSPGBPGPPG
2013/14Юта333336,456,122,279,36,85,32,51,315,5
2014/15Юта353533,350,935,683,64,95,12,11,014,5
Йерриг686834,853,529,981,45,85,22,31,115,0
Таблицин коьртера аббревиатура йешархьама дехкан цамза тӀехӀоттайе

Шен дахар

Райтан воккхаха волу ваша Дорелл ву, иза а левзина хьалха профессионалан тӀегӀанехь баскетболах[11].

Билгалдахарш

Хьажоргаш