Путин, Владимир Владимирович

российн Федерацин Президент

Пу́тин Влади́мир Влади́мирович (вина 1952 7 октябрь, Ленинград, ССРС) — российн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, 2012 шеран 7 майхь дуьйна волу Российн Федерацин президент а, Российн Федерацин ТӀеман ницкъийн лакхара коьрта баьчча а[18].

Путин Владимир Владимирович
оьрс. Владимир Владимирович Путин
Путин Владимир Владимирович
Динкерста[8]
ТайпаСемья Владимира Путина
ДаПутин Владимир Спиридонович
НанаПутина Мария Ивановна
ЗудаЛюдмила Александровна Очеретная[9]
БерашКатерина Владимировна Тихонова, Мария Владимировна Воронцова, Луиза Владимировна Розова
Дешар
ГӀуллакхаллаПолитика[12], таллар, тӀеман гӀуллакх, юриспруденция[13]
Динлелоркерста[8]
АвтографАвтографан сурт
СовгӀаташ
орден Почёта орден «Знак Почёта» медаль «За безупречную службу» медаль «За безупречную службу» II степени медаль «За безупречную службу» III степени орден Дружбы народов золотой Олимпийский орден кавалер Большого креста ордена Почётного легиона
орден Дружбы

орден святого равноапостольного великого князя Владимира (2002)

орден Славы и Чести орден преподобного Сергия Радонежского
орден Золотого орла орден Назарбаева орден Святого Карла Большой крест ордена Святого Карла орден Хосе Марти «Сий а, сийлалла а» орден (Абхази)

медаль «За заслуги перед Национальной народной армией ГДР» (1988)

орден «Уацамонга» орден «За выдающиеся заслуги»

орден Драгоценного жезла (2009)

орден Освободителя орден «Манас» I степени

King Abdulaziz Medal (2007)

орден короля Абдель-Азиза орден Исмоили Сомони орден Хо Ши Мина

рейтинг самых влиятельных людей мира по версии Forbes (2016)

рейтинг самых влиятельных людей мира по версии Forbes (2015)

рейтинг самых влиятельных людей мира по версии Forbes (2014)

рейтинг самых влиятельных людей мира по версии Forbes (2013)

Къевлина устрица (2007)

премия мира имени Конфуция (2011 шеран 15 ноябрь)

орден «За заслуги перед Республикой Дагестан»

Человек года по версии журнала «Time» (2007)

мастер спорта СССР
орден Заида
именное огнестрельное оружие
орден Республики Сербии медаль «Участнику марш-броска 12 июня 1999 г. Босния — Косово»

Памятная медаль А. М. Горчакова (2001)

орден Святого Саввы (2011)

почётный профессор

почётный член

заслуженный тренер России орден преподобного Сергия Радонежского I степени
орден Заслуг
почётный гражданин Санкт-Петербурга

заслуженный тренер (2006)

наградное оружие

почётный доктор Афинского университета

орден Агостиньо Нето

почётный доктор Университета Цинхуа

почётный доктор Санкт-Петербургского государственного университета

почётный доктор Университета имени Джавахарлала Неру

почётный доктор Ереванского государственного университета

почётный доктор Туркменского государственного университета им. Махтумкули

почётный доктор Бакинского славянского университета

почётный доктор Белградского университета

почётный доктор Военно-медицинской академии имени С. М. Кирова

почётный гражданин города Астрахани

орден «Содружество» почётный гражданин города Севастополя

Шнобелевская премия (2020 шеран сентябрь)

почётный гражданин Казани

Орден Шейх-уль-ислама

Time 100 (2022)

Time 100 (2017)

Кадыровн орден
Сайтputin.kremlin.ru(оьр.)
eng.putin.kremlin.ru(ингалс.)
Эскаран тайпаKGB, Российн Федерацин Федералан кхерамзаллин гӀуллакх
ЦӀеМукъаваьккхина эпсар, Российн Федерацин боккъала волу пачхьалкхан 1 классан хьехамча, подполковник
Буьйр дарРоссийн Федерацин ТӀеман Ницкъаш, Российн федерацин ТIеман Ницкъийн Лакхара Коьртабаьчча
Латар
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Хьалха а лаьттина президентан даржехь 1999 шеран 31 декабрера 2008 шеран 7 май кхаччалц, 1999—2000 а, 2008—2012 шерашкахь лаьттина Российн правительствон председатель.

Чекхйаьккхина Ленинградан пачхьалкхан университетан (ЛПУ) юридически факультет. 1977 шарахь дуьйна болх бина контрталламан агӀора ПКхК Ленинградан урхаллера талламан декъехь. 1985 - 1990 шерашкахь гӀуллакхехь хилла советийн арахьара талламан резидентурехь ГДРехь, болх бина Дрезденехь ССРС — ГДР доттагӀаллин цӀийнан директоран даржехь къайлаваьлла. Ленинграде цӀавирзича болх бина ЛПУ ректоран дуьненайукъара гӀуллакхийн агӀора гӀоьнча, цул тӀаьхьа Ленинградан гӀалин совета председателан Собчак Анатолийн хьехамча. 1991 шеран 20 августехь подполковник волуш ССРС ПКхК мукъаваьлла.

1991—1996 шерашкахь Петарбухан мэри дехьаваьлла болх бира Собчакан куьйгакӀела: куьйгалла дира Арахьара уьйранийн комитетан, хилира мэран хьехамча, цул тӀаьхьа хьалхара гӀовс. 1996 шеран августехь болх бан волавелира Москохахь РФ Президентан гӀуллакхийн урхаллин гӀовсан даржехь. КӀеззиг РФ Федералан кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун а, Кхерамзаллин Советан секретаран даржехь лаьттина 1999 шеран августехь хӀоттийра правительствон председатель.

Пачхьалкхан хьалхара йуьхь хилира 1999 шеран 31 декабрехь, оцу хенахь Российн президентан Ельцин Борисан сацамца хӀоттийра РФ президентан декхарш кхочушдийриг — Российн хьалхара президента дарж мукъадаккхар бахьнехь. Российн президент дуьххьара хаьржина 2000 шеран 26 мартехь. Пачхьалкхан коьртан дарже йухахаьржира 2004, 2012, 2018 шерашкахь. 2012 шеран харжамел хьалха президентийн бакъонийн хан тӀетуьйхира 4 шеран тӀера 6 шере кхаччалц.

Российн Федерацин Конституцин хийцамаш лелабевлча бакъо хилира дакъа лаца керлачу президентан харжамашкахь 2024 шеран мартехь.

Мукъа ваьккхина полковник (1999). Российн Федерацин бакъболу пачхьалкхан 1 классан хьехамча (1997)[19]. Экономикин Ӏилманийн кандидат (1997). Самбо (1973) а, дзюдо (1975) а латарехь спортан говзанча[20], дзюдох латарехь Ленинградан чемпион (1976)[21][22], самбох латарехь Российн хьакъ долу тренер (1998)[23][24]. Дика буьйцу немцойн мотт[25][26].

Схьавалар

Арахьара суьрташ
Владимир Путин с родителями перед отъездом в ГДР, 1985 год

Бахархой багарбечу хенахь ша деллачу жоьпаца, къоман оьрсий[27].

Да — Путин Владимир Спиридонович (23.02.1911 — 02.08.1999), вина Тверан областан Калининан кӀоштара Поминово эвлахь[28], 1933—1934 шерашкахь гӀуллакхехь хилла хин бухарчу флотехь, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъахо, эскаре кхайкхина Ленинградан областан Петергофан КӀТӀК. БАЦӀЭхь — 1941 шеран июнехь дуьйна, ЦӀечу эскаран 86-гӀа дивизин 330-гӀа кхийсархойн полкан тӀемло, Неван кӀажа ларбеш, 1941 шеран 17 ноябрехь чӀогӀа чов йира гераг кхетта аьрру настарна а, когана а[29][30]. «ТӀеман гӀуллакхашна», «Ленинград ларйарна», «Германин тӀехь толам баккхарна» мидалшца. 1941 шарахь дуьйна ЕКП(б) декъахо. ТӀом чекхбаьлча — Егоровн цӀарах заводехь пхьар. 1985 шарахь совгӀат дина Даймехкан тӀеман 1-ра тӀегӀанан орденца[31].

Нана — Путина Мария Ивановна (ден фамили Шеломова) (17.10.1911 — 06.07.1998)[32], схьайаьлла Тверан областера Калининан кӀоштара Заречье эвлара, цигахь йовза а евзира иза Владимир Спиридоновична[28], иштта болх бира заводехь, чекхйаьлира Ленинградан гуо латторах. ЦӀБФ штабо совгӀат дина «Ленинград ларйарна» мидалца.

2015 шарахь Путина йаздира, шен нана йехира 1999 шо кхаччалц, ткъа да велла 1998 шо чекхдолуш[33], ткъа 2017 шарахь Стоун Оливеран еллачу интервьюхь элира, «да велира ша премьер-министр хӀотта нисса ши бутт бисича» (аьлча а 1999 шеран август кхачале)[34][35].

Путин Владимир 6 шо долуш шен ненаца. 1958 шо

Деда — Путин Спиридон Иванович (19.12.1879 — 8.03.1965)[36], схьаваьлла Тверан областан Калининан кӀоштара Поминово эвлахь[28], 12 шо долуш иза дӀавелира «йуургуш йан Ӏамо» Тверан трактире, ша дика а гайтина, кхечира петарбухан ресторан, йалийра шен эвлахо Чурсанова Ольга Ивановна (марехь Путина), кулинар болх бира Горохови урамехь «Асторехь». Хьалхара дуьненан тӀамехь хьажийра фронте. Революцел тӀаьхьа, гӀалин мацаллех кӀелхьара довлуш, доьзалца кхелхира Поминово; цул тӀаьхьа Москоха кхелхира. Йуургаш йеш болх бира Горкашкахь, йуург кечйора Крупска Няадеждин, Мариян а, Дмитрий а УльяновгӀарна уьш баллалц. 1940 шарахь хилира лакхара йуург кечйийриг Москохан гӀалкоман партин «Ильичёвскин» Ильинскин пансионатан коьрта йуург кечйийриг а хилира. Цигахь йуург кечйора оьздангаллин министран Фурцева Екатеринин, Москохан ГӀК хьалхарчу секретарашна Гришин Викторна, Капитонов Иванан, Хрущёв Никитина, ткъа цуьнан нанас, болх бира дезткъа шо кхаччалцт[37][38][39].

Путинан ден а, ненан а агӀора гергарнаш (ПутингӀар, ШеломовгӀар, ЧурсановгӀар, БуяновгӀар, ФомингӀар, кхин а) уггаре а кӀезиг 300 шарахь ахархой хилла Тверан уездехь. Путинан уггаре хьалхара вевзаш волу да хьахийна 1627—1628 шерашкахь Тверан уездан йозанан жайнин тӀехь — иза Никитин Яков ву, паччахьан Михаил Фёдоровичан ненавешин бояринан Романов Иванан долара Тургиново эвлан килсан, Бородино эвлан латта доцу ахархо[40].

Бералла а, къуоналла а

Путин ден-фронтовикан портретца «Лийр йоцу полкан» боламехь Москохахь, 2017 шеран 9 майхь

Вина 1952 шеран 7 октябрехь Ленинградехь[18], Маяковскийн урамехь В. Ф. Снегирёвн цӀарах бер ден цӀахь[32]. ЖӀар тоьхна Спасо-Преображенски килсахь[41].

Путин Владимир доьзалехь кхоалгӀа кӀант хилла — цуьнан хилла шиъ воккха ваша, уьш белла иза дуьненан тӀевалале: Виктор (1940—1942) а, Альберт (велла Сийлахь-Боккха даймехкан тӀом болабалале). Виктор велла дифтери лазарх Ленинградан гуо латточу хенахь, дӀавоьллира Пискарёвн мемориалан кешнашкахь[42][43][44].

Путин Владимиран Серафимовски кешнашкара ден-ненан каш

ПутингӀеран доьзал Ӏаш бара Ленинградехь Басков урамалган (12-гӀачу цӀийнан лакхарчу пхоьалгӀачу гӀотехь) коммуналан квартирера цхьаьна чохь, оцу квартирехь Путин вехира ССРС ПКхК болхбан волаваллалц. Дачехь Тоснохь ишколхочун Путинан чохь лаьттара советийн тӀеман таллам кхоьллинчех цхьаъ волу Берзин Янан сурт[38]. Президент хиллачул тӀаьхьа, Путина дуьйцура, бераллехь дуьйна хьоьжура советийн талламчех фильмашка, сатуьйсуш вара пачхьалкхан кхерамзаллин меженашкахь болх бан.

1960—1965 шерашкахь Путина дийшира № 193 йолу бархӀ классан ишколехь. Цул тӀаьхьа деша хӀоьттира № 281 йолу йуккъерачу ишколе (Технологин институтан базанан тӀехь химин агӀора таьӀна башха ишкол), иза чекхйаьккхира 1970 шарахь. Арахецначул тӀаьхьа 17 шо долу Владимир дуьххьара, Ӏалашо гӀуллакхе дӀахӀоттар йолуш вахара ССРС ПКхК Ленинградан а, Ленинградан областан урхалле Литейни проспекте, цигахь къамел динчул тӀаьхьа, Путинан хьийхира хьалха кӀорггера гуманитаран дешар Ӏамаде аьлла[38].

Библиографи

Билгалдахарш

Хьосташ

[хьост?]

Литература

Хьажоргаш