Орга (эрк)

Орга (оьрс. Аргун, гуьрж. არღუნი) — Къилбаседа Кавказера Гуьржийчоьнан а, Российн а мехкара эрк, Соьлжан аьтту га (Теркан бассейн)[2].

Орга
нох. Чӏаьнтий-Орг, гуьрж. არღუნი
Сурт
Амал
Дохалла148 км
Бассейн3390 км²
Хи дайар45,6 м³/с (Дуби-Эвла (Шелан кӀошт))
ДӀаэхар
Хьост (B) 
 • Эрк долу меттигПхейн-Мохк (Гуьржийчоь)
 • Локхалла2474 м
 • Координаташ42°30′22″ къ. ш. 45°04′20″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B)Соьлжа
 • Эрк чекхдолу меттигБаса-ГӀала (Соьлжа-ГӀалин кӀошт)
 • Локхалла69 м
 • Координаташ43°21′12″ къ. ш. 45°56′47″ м. д.HGЯO
Хин охьане16,2 м/км
Эрк долу меттиг
Хин системаСоьлжа → Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкхаш
РегионМцхета-Мтианети
КӀоштНохчийчоь
Код  ПХР чохь07020001212108200005795[1]
Орга (эрк) (Нохчийчоь)
хьост
хикхоче
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Сурт хӀоттор

Эркан дохалла — 148[3] км, бассейнан майда — 3390[3] км². Йуккъера охьане 16,2 м/км. Йуккъера хи дайар — 45,6 м³/с. Хи далар ийна ду. Орган тӀаьхь массанхьа ша ца бо.

Орга долало Йоккха Кавказан дукъан Борбалой-Ломара къилбаседа басешкара шалам тӀиера. Лакхахь, Шара Органах кхетталц, исторера дуьйна цӀе йу ЧӀаьнтийн Орга.

Кхин дӀа, аренашка даллалц («Орган кевнашка» (АгӀонан Кавказан дукъан)) эрк охьадогӀу ломан Нохчийчуьра Орган-ЧIожан чухула. Ӏин, эркан хьосташна гергахь дикка, хьун йоцуш ду, ткъа лахо йерриг аьлча санна хьаннаш йу[4]. Шена чуоьцу дуккха а ломан эркаш а, шовданаш а, уггаре доккха царех — Шара-Орга эрк ду, дӀакхета Органах нисса «кевнашкахь». Орган а, цуьнан геннийн а бассейнан ломан дакъано, дӀалоцу ломан Нохчийчоьнан малхбузен дакъа — Итон-Кхаьллан а, Шуьйтан кӀошташ. И область йу нохчий охьахевшина хьалхарчу меттигех цхьаъ, амалехь йу шайн ламастан бӀаьвнийн тайпана гӀишлошца ширчу эвланийн шортта саьлнаш.

Аренашка кхаьчначул тӀаьхьа Органца доьду Нохчийчоьнан Соьлжа-ГӀалин а, Шелан а кӀошташна йукъара доза Соьлжах кхеталц. ТогӀина чухула адамаш луьста хевшина. ТӀом балале амалехь дара хадданза долара цӀенойн гӀишлош.

Эркан лахахарчу декъехь лаьтта Устрада-ГӀала.

Гидроним схьайалар

Орга (оьрс. Аргун ) нохчийн маттахь – готта кӀорга Ӏин, кӀаг. Гидроним «ark, arg» ломан нохчийн маттахь — «эрк» ду).

Орган геннаш

Органах кхета Гура чуьра догӀу хи, Йоьрдие хи, Алард хи, Кхел хи, Шедала хи, ӀандагӀиера догӀу хи, Меше-Хи, МӀайстойн эрк, БӀаьстан-Хи, Хилдехьаройн эрк, Зумсин эрк, Шара-Орга, кхин эркаш а.

Орган тӀиера эвланаш

Орга тӀаьхь лаьтта эвланаш: Шедала, Дуоза, Комалха, Пийжа, Цацах, Итон-Кхаьлла, КӀонжаха, ЧӀиннах, Башан-кхелли, Гучан-кхелли, Нихала, Гоьргача, Хьакка, Шуьйта, Зонах, Ярашмаьрда, ЧӀишка, Доча-Борзе, Дуби-Эвла, Лаха-Варанда, Чуьйри-Эвла, Йоккха АтагӀа, Жима АтагӀа, Чечан, БердакӀел, БелгӀатой-Эвла, Устрада-ГӀала.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Викицитатникехь агӀо йу теманера
Аргун
  • Аргун (река на Сев. Кавказе) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  • Аргун // Словарь современных географических названий / Рус. геогр. о-во. Моск. центр; Под общ. ред. акад. В. М. Котлякова. Институт географии РАН. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.