Олимпийн стадион я «Олимпиаштадион» (нем. Olympiastadion; МФА: oˈlʏmpi̯aˈʃtaːdi̯ɔn) — Берлинера стадион, «Герта» футболан клубан а, Германин гулйина командин а цӀера арена, чухоам 74 064 хьажархо[1]. Яйн атлетикин къийсамаш дӀадахьа а таро ю.

Олимпийн стадион

УЕФА 5 категорин стадион
5 5 седанах5 5 седанах5 5 седанах5 5 седанах5 5 седанах
Хьалхара цӀеНемцойн стадион
Йолу меттигГермани Берлин, Германи
Ян йолийна1934
Йина1936
Схьайиллина1936 1 августехь
Кеконструкци йина1974 (ДЧ-1974)
2006 (ДЧ-2006)
Яран мах43 млн. RM (1936)
247 млн. (2004)
АрхитекторМарх Вернер/Шпеер Альберт (1936)
Фридрих Вильгельм Кроу (1974)
ЕргOlympiastadion Berlin GmbH
Чухоам74 064[1]
ЦӀера команда«Герта»
Германин гулйина команда
Майдан барам105х68 м
Сайтolympiastadion.berlin
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Истори

Хьалхара истори

Шен йукъ «Олимпиаштадион» стадион йолу, спортан комплекс «Олимпиапарк», йина Дуьненан хьалхара тӀом болабалале, оцу хенахь Германин Аьхкенан Олимпийн ловзарш 1916 дӀадахьа бакъо елира[2].

ГӀишло яр

1933 шарахь Ӏедале веина Гитлер Адольф тидам бира «Грюневальд» ипподроман уллера еса лаьтта майданийн. Цуьнан 86 000 меттиган стадион ша йолу хоккейн стадион, говрахь леларан манеж, неканан бассейн, йиллина спортан арена, Эккарт Дитрихан йиллина театр йогӀа йоккха план хӀоьттира. Спортан комплекс тӀелетта яра Майн аренан, цигахь хуьлура Къоман-социалистийн партин массийн митингаш.

Олимпийн стадион йина елира 1936 шарахь архитекторан Марх Вернеран проектаца.

Стадион дӀаеллар а, 1936 шеран аьхкенан Олимпиада а

Стадион 1936 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарш долуш

1936 шарахь аренин тӀехь хилира германин правительствос йина йоккха Олимпийн ловзарш дӀаделларан церемони, иза дуьххьара гойтуш яра телевизион чухула дуьххьала дӀа йолчу эфирехь, ткъа стадион тӀийра олимпийн ловзарех материал хилира кинодокументалистикин шедевран — Лени Рифеншталан фильман «Олимпи».Оцу стадион тӀехь дӀабаьхьира 1936 шеран Аьхкенан Олимпийн ловзарийн коьрта къийсамаш.

Кхин дӀа истори

1938 шарахь стадион тӀехь футболех ловзаран Германин гулйина команда ийшира Ингалсан гулйина командина хӀаллакъяран чоьтаца 3:6.

«Олимпиаштадион» дикка йохийра Берлин тӀе бартхойн эскарийн авиацис бумбанаш кхуьйсучу хенахь, амма 1960-гӀа шерашна йукъахь юха йира иза. И хан яра, Бундеслигин хьалхара шераш — иштта олура ФРГ керла къоман чемпионатах — берлинан клубо «Гертас» хӀора матчехь гулвора 70 000 гергга хьажархо.

Олимпийн стадион 1980 шарахь.

Стадионан реконструкции йира 1974 шеран дуьненан чемпионат йолалуш, кхузахь ловзийра тобан турниран кхо матч — ерриш Чилин гулйина командо дакъа лоцуш. «Олимпиаштадион» дуьненан чемпионатан программин йукъатохаро политикин хьал морса даьккхира малхбален а, малхбузан а мехкийн лагершкахь. Ткъа хилира иза уггаре хьалха, Немцойн футболан союзан куьйгалхочо Херман Нойбергера къахьегар бахьнехь.

Германи вовшахкхетначул тӀаьхьа, «Олимпиаштадион», юха а шена гонахьа немцойн футболан баккхий хиламаш гулбелла, йукъ хилира, ткъа Германин кедан финалан матч хӀинца, хьалха заманахь санна, ца хуьйцуш кхузахь ловзу.

Олимпийн стадионан инарлин реконструкци йира 2006 шеран дуьненан чемпионатан. Проект йираМайнхард фон Герканан gmp архитектурин бюрос, йина бевлира чемпионат йолаяла шо дисича, цунах делира 242 млн евро. «Олимпиаштадионан» уггаре ладаме матч дӀаяхьа тешам белира — финал.

2011 шеран 26 июнехь стадион тӀехь ловзийра футболех ловзаран зударшна йукъахь дуьненан чемпионат дӀаелларан матч. Германис иэшийра Канаду жамӀ 2:1 долуш. Чемпионата и цхьа матч бен ца ловзийра Олимпийн стадионехь.

2015 шеран 6 июнехь стадионо тӀеийцира УЕФА Чемпионийн лигин финалан матч[3], цигахь туьйлира «Ювентусца» левзина «Барселона» 3:1 жамӀ долуш.

Футболех ловзаран дуьненан чемпионат 1974

ТерахьРаундМатчЖамӀ
14 июнь 1974Тоба 1ФРГ — Чили1:0 (0:0)
18 июнь 1974Тоба 1Чили — ГДР1:1 (0:0)
22 июнь 1974Тоба 1Австрали — Чили0:0

Футболех ловзаран дуьненан чемпионат 2006

ТерахьРаундМатчЖамӀ
13 июнь 2006Тоба FБразили — Хорвати1:0 (1:0)
15 июнь 2006Тоба BШвеци — Парагвай1:0 (0:0)
20 июнь 2006Тоба AЭквадор — Германи0:3 (0:2)
23 июнь 2006Тоба HУкраина — Тунис1:0 (0:0)
30 июнь 20061/4 финаланГермани — Аргентина1:1 д.в. (1:1, 0:0) 4:2 пен.
9 июль 2006ФиналИтали — Франци1:1 д.в. (1:1, 1:1) 5:3 пен.

Яйн атлетика

Буьйсенан стадионан панорама 2009 шеран яйн атлетикин дуьненан чемпионат йолуш
  • Стадион тӀехь хӀора шарахь дӀахьо ИААФ Дешин лигин яйн атлетикин цхьа мур, цигахь дакъа лоцу дуьненан коьрта байн атлеташ.
  • 2009 шеран 15 - 23 августехь стадион тӀехь дӀаяьхьира яйн атлетикин XII дуьнан чемпионат.

Транспорт

  • Стадионан гена йоцуш йира метрон станци «Рейхсшпортфельд», Дуьненан шолгӀа тӀом чекхбаьлча цӀе хийцира «Олимпиаштадион» аьлла.

Билгалдахарш

Хьажоргаш