Нохчийн гӀайре

Нохчийн гӀайре[1]Каспий-хӀордан чуьра гӀайре, ДегӀастанан йукъайогӀу. Хьалха гӀайренна тӀехь Нохчийн гӀайре олуш Ӏовхойн эвла хилла[1]. ГӀайренан цӀе нохчийн къоман цӀарах схьайалар билгалдо Поспеловс[2].

Нохчийн гӀайре
Олеарий Адамс диллина сурт
Олеарий Адамс диллина сурт
Амалш
Майда55 км²
Уггар лаькха меттиг-19.6 м
Лаьтта меттиг
43°58′47″ къ. ш. 47°41′13″ м. д.HGЯO
АкваториКаспий-хӀорд
Пачхьалкх
РегионДегӀаста
Каспий-хӀорд
Нохчийн гӀайре
ДегӀаста
Нохчийн гӀайре
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Иштта, немцой некъахочо Самуил Готлиб Гмелина бакъдо гӀайренна цӀе нохчийн цӀарах схьайалар, цо йаздина иштта:

«УьтталгӀачу дийнахь Ӏуьйранна ворхӀ даьлча тхо кхачийра ворхӀ сажа гена, делкъехь тхуна гира Нохчийн гӀайре. Цунна цӀе тиллина, кхуза чӀерий леца оьхуш хиллачу, лаьмнашкахь Ӏаш болчу нохчийн цӀарах... [3]
»

Географи

ГӀайренна малхбалехьа лаьтта Прыгунки гӀайренаш[4]. ГӀайренна къилбехьа ду Пичужонок, Базар, Яични гӀайренаш[4]. ГӀайренаш доькъу гомха чекхволийлаша: Нохчийн а, Пичужонок а — Нохчийн Чекхволийло, Пичужонок а, Базар а — Яични чекхволийло, Базар а, Яични а — Калмычонок чекхдолийла[4]. Яични гӀайре къастийна Аграханан ахгӀайренах Лопатински Чекхдолийла[4].

ГӀайренан малхбуза агӀора нах беха Нохчийн гӀайре цӀе йолу йурт йу[4].

Бердан сиз хийцалуш ду хӀордан хи хьалий-охьий далар бахьанехь, Терко гӀум кхехьар бахьанехь, лелахиш бахьанехь, гӀум лелар бахьанехь. Дохалла 15 км гергга ду, шоралла 10 км гергга ду[5]. Майда 55 км² гергга йу. Бердаш тӀиера хичу оьхуш ду, тӀе эрз баьлла, гӀамаран марош[6]. ГӀайре деса ду, амма хичухулалела олхазарш дукха ду. Граждански тӀом болчу шерашкахь, мехкдаьтта лелон хӀурдакеманийн мехала тӀетовжийла долу меттиг хилар бахьана долуш, гӀайре кар-кара оьхура, 1920 ш. апрелехь Идалан-ГӀажарийн тӀеман флотилис тӀаьххьара РСФСР-н чагӀйаллалц. Советски хенахь гӀайренан тӀехь йара чӀерий лоьцу «Чапаевн лерамна» цӀе йолу колхоз.

1965 шарахь дуьйна гӀайренан тӀехь йара экранопланаш зуьйшйолу база[7].

ГӀайре хьахор

Географин карташка хьаьжчи гӀайре девза дукха хан йу. Иштта, Е. П. Гольдшмидта гучудаьккхинчу, италихойша 1500 шо хьалха хоттийначу картин тӀехь, Нохчийн гӀайре sicamatela цӀе а йолуш цу тӀехь йу. Тера ду, гӀайре хьехош долу дуьххьарлерачех тептарех Г. Тектандеран тептар хилар, цуо 1604 шарахь йаздина эрз баьлла Теркин, немцойн 8 миль генахь долчу гӀайренах лаьцна.ГӀайре хьехадо, шен тептарашкахь, 1623 шарахь Персеха некъ биначу, оьрсийн совдегархочо Котов Федота.[8]. Олеарийс билгалдоккху, оьрсаша оцу гӀайренах Четлан гӀайре алар, ткъа гӀажарша (персаша) — Дженцени (Tzezeni, Tzent-seni)[9].

ЦӀе схьайалар

Оьрсийн гӀуллакхехь хилла волу немцойн лелархо а, натуралист а волу, 1774 шарахь оцу меттигашкахь хиллаволу, Гмелин Готлибан уьйр гора Нохчийн гӀайренан оьрсийн «Чечень» цӀеран а, этноним чеченцы а йукъахь[3]. Географ а, этнограф а, артиллерист а, российн тӀеман гӀуллакххо а, 1728 шарахь Каспий бердан карта хоттийна волу Гербер Густава а, йаздо хьалха хӀорда тӀекхаччалц бехаш хиллачу нохчех лаьцна. И кеп тӀечӀагӀйира 1785 шарахь историк волчу Чулков Михаила а, 1800 шарахь инарлас Кнорринг Богдана а[10][11][12]. Географи Ӏилманийн доктор волчу Поспелов Евгений Михайловича иштта тӀечӀагӀйо гӀайренан цӀеран а, нохчийн этносан а уьйр[13], ткъа историк волу Ровинский Дмитрийс билгалойо «Чеченъ» гӀайре, «Нохчийн йарташна дуьхьала лаьтташ йолу» олий[14]. Гмелина йаздина:

УьтталгӀачу дийнахь Ӏуьйрана ворхӀалгӀачу сахьтехь гена девлира тхо ворхӀ сажа кӀорге, делкъахан хуьллуш гучуйелира Нохчийн гӀайре. Цуо шен цӀе схьаэцна ломахь бехашболчу, кхуза чӀара лаца богӀучу Нохчех...[3]

Маяк

Маяк

Билгалдахарш