Михаил Ломоносовн цӀарах йолу Москван пачхьалкхан университет

Михаил Ломоносовн цӀарах йолу Москван пачхьалкхан университет (оьрсийн маттахь Моско́вский госуда́рственный университе́т и́мени М. В. Ломоно́сова; 1917-чу шеран чиллин-беттан 23-гӀа де (бекарг-беттан 8-гӀа де) тӀекхачале — Императоран Москван университет) — Россехь университеташна йукъахь уггаре а ширачарех а, яккхийчарех а цхьаъ ю. Даймехкан Ӏилманан, оьздангаллин а йукъ ю.

Сийлахь меттиг
Михаил Ломоносовн цӀарах йолу Москван пачхьалкхан университет
55°42′09″ къ. ш. 37°31′50″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттигРаменки[d]
ЙиллинаргМихаил Васильевич Ломоносов[d], Иван Иванович Шувалов[d]
Йиллина терахь1755
Сайтmsu.ru(оьр.)
msu.ru/en/(ингалс.)
msu.ru/ch/
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

1940-чу шарера схьа дуьйна Михаил Васильевич Ломоносовн цӀе лелош ю. Юьззина цӀе — Федералан пачхьалкхан бюджетан лакхарчу дешаран дешаран хьукумат «М. В. Ломоносовн цӀарах Москван пачхьалкхан университет». Шуьйра пайда оьцуш ю «МГУ» аббревиатура.

Университетна йукъайогӀуш ю пхийтта Ӏилманан-талламан институт, шовзткъа кхоъ факультет, кхо бӀе сов кафедра а, ворхӀ филиал а (царна йукъахь 6 кхечу пачхьалкхера — пхиъ Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀаллин пачхьалкхашкахь, цхьаъ Словенехь).

1992-чу шарера схьа дуьйна МПУ-н ректор ву Виктор Антонович Садовничий.