Йоккха АтагӀа

Йоккха АтагӀа йа «Сехьа-АтагӀа»[4] (оьрс. Старые Атаги) — Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан кӀоштара эвла. Йоккха-АтагӀин йуьртан меттиган административан йукъ[5].

Эвла
Йоккха АтагIа
Оьздангаллин цӀа
43°07′19″ къ. ш. 45°44′17″ м. д.HGЯO
ПачхьалкхРосси
РеспубликаНохчийчоь
Муниципалан кIоштХьалха-Мартанан
Истори а, географи а
Дуьххьара хьахор1771
Хьалхара цӀершВоздвиженская, Предгорное[1]
Центран локхалла280 м
Климатан тайпабарамера
Сахьтан асаUTC+3
Бахархой
Бахархой12 720[2] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттамнохчий
Динан хӀоттамбусулбанаш-суннийш
Официалан моттНохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код8712[3]
Поштан индекс366023
Автомобилан код20, 95
ОКАТО ишар96234000013
Картин тӀехь
Йоккха АтагIа картан тӀехь
Йоккха АтагIа
Йоккха АтагIа картан тӀехь
Йоккха АтагIа
Йоккха АтагIа картан тӀехь
Йоккха АтагIа

Географи

Йоккха-АтагӀин йуьртан меттиг Хьалха-Мартанан кӀоштан картин тӀехь

Эвла лаьтта Орга эркан аьрру берд тӀехь Соьлжа-ГӀалин 15 км къилбехьа а, Хьалха-Мартанан 14 км малхбалехьа а.

Гергара нах беха меттигаш: къилбаседехьа — Шовдане эвла, къилбаседа-малхбалехьа — Чечана эвла, малхбалехьа — Жима АтагӀа, къилба-малхбалехьа — Чуьйри-Эвла, къилбаседа-малхбузехьа — ГӀойтӀа, ГӀой-Йист эвланаш а, Олхазар-КӀотар, малхбузехьа — Хьалха-Марта шахьар.

Къилба агIонехь Чахкер-Корт лам бу.

Истори

1944 шарахь, нохчий а, гӀалгӀай а махках баьхначул тӀехьа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхинчул тӀаьхьа эвлин цӀе хийцира Предгорни аьлла[1].

1958 шарахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР метахӀоттийначул тӀаьхьа, эвлин шен хьалхара цӀе схьайелира.

2020 шеран 1 январехь Йоккха АтагӀа шен йуьртан меттиган латтанашца цхьаьна дехьайелира Соьлжа-ГӀалин кӀоштара Хьалха-Мартанан кӀошта[6].

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1939[7]1959[8]1970[9]1979[10]1990[11]2002[12]2010[13]
4990504179358444907610 16110 884
2012[14]2013[15]2014[16]2015[17]2016[18]2017[19]2018[20]
11 10011 24911 45711 62511 88712 09212 311
2019[21]2020[2]
12 49412 720
Къоман хӀоттам

2010 шеран йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[22]:

КъамБарам,
ст.
Берриг бахархойх
дакъа, %
нохчий10 83099,5 %
кхин540,5 %
берриш10 884100,0 %

Дешар

  • Йуккъера йукъарадешаран № 1 йолу ишкол[23].
  • Йуккъера йукъарадешаран № 2 йолу ишкол[24].
  • Йуккъера йукъарадешаран № 3 йолу ишкол[25].

ГӀарабевлла йуьртахой

Эсамбаев Махьмудан оьздангаллин цӀенна хьалха хӀоттийна иэс
  • Айдаев, ЮшаӀ Ахьйадан воӀ — филологин Ӏилманийн доктор, профессор, Российн Ӏаламан Ӏилманийн академин академик, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин академик, Нохчийн Республикин хьакъ долу Ӏилманан гӀуллакххо, Российн Йаздархой бертан а, журналистийн бертан а декъахо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР хьакъ долу оьздангаллин белхало;
  • Алиев, Эрис Хан Султан Гирей — Артиллерера инарла;
  • Алиева Тамара ШоӀипан йоӀ — советийн, российн, нохчийн актриса, йишлакхархо, эстрадин хелхарча, конферансье, тайнигашловзорхо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР халкъан артист, РСФСР хьакъ долу артист;
  • Мациев Ислам Хьамзатан воӀ — российн дзюдоист, Российн 4-зза чемпион, Российн, Европин, дуьненан чемпионатийн дуккха а совгӀатхо, дуьненайукъара турнирийн толамхо, дуьненайукъара классан спортан говзанча;
  • Нажаев, Ахьмад Идиговичйаздархо, поэт
  • Насуханова Ляля Ӏандарбекан йоӀ — дуьххьарлера нохчийн пилот а, парашютист а, пилот-инструктор, ССРС авиацин спортан хьакъ долу говзанча, ССРС лакхара пилотажан гулйина командин декъахо;
  • Осмаев Ӏаббас Догин воӀ - Историн Ӏилманийн доктор, профессор
  • Татаев, Ильяс Вахьидан воӀ — РФ хьакъ долу исбаьхьалча, кинорежиссёр, сценарихо, скульптор;
  • Хамидов, Ӏабдул-Хьамид Хьамидан воӀ — нохчийн актёр, йаздархо, поэт, драматург, гочдархо, театран гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР халкъан артист (1959), ССРС йаздархой бертан декъахо (1943), Нохч-ГӀалгӀайчоьнан йаздархойн бертан председатель;
  • Эсамбаев, Махьмуд Ӏеласолтийн воӀ — советийн балетан артист, эстрадин хелхарча, хореограф, актёр. ССРС халкъан артист, Социалистийн Къинхьегаман турпалхо.
  • Яндарбиев, Зеламха Ӏабдулмуслиман воӀ — политик, НРИ президентан декхарш кхочушдийриг.

Литература

  • Старые Атаги и атагинцы: О лучших людях республики / Ваха Матиев. — Грозный: Книга, 1990. — 109 с.

Билгалдахарш

Хьажоргаш