Инкийн импери

И́нкийн импе́ри (кечуа Tawantin Suyu, Tawantinsuyu, Тауантинсу́йу) — XI—XVI бӀешерашкара Къилба Америкера майданца а, бахархойн барамца а уггаре йоккха индахойн хьалхараклассийн пачхьалкх. ХӀинцалера Колумбера Пасто тӀера Чилера Мауле эрк тӀекхаччалц болу мохк дӀалоцура. Империн йукъахь бара хӀинцалера Перун, Боливин, Эквадоран (чекх ца валало сельва йаьлла, малхбален аренан кӀошташ йоцург) берриг мехкаш, Чилин, Аргентинин, Колумбин дакъош. 1525 шарахь дуьххьара Инкийн империн чувахана европахо хилла португалхо Гарсия Алежу. 1533 шарахь испанхойн конкистадораша карадерзийра империн доккхаха долу дакъа, ткъа 1572 шарахь инкийн пачхьалкх йоьхна. Гипотеза йу, тӀеххьара инкаш охьахевшина маьрша гӀала (мохк) Пайтити йу аьлла (XVIII бӀешеран йуккъе йа чеккхенга кхочуш)[1].

Историн пачхьалкх
Инкийн импери, Тауантинсуйу
Tawantinsuyu
 →
1438 — 1533
Коьрта гӀалаКуско
Мотт (меттанаш)кечуа (коьртаниг), аймарийн меттанаш, пукина, мочика
Официалан мотткечуа
Майда800 000 км² (1438)
2 000 000 км² (1527)
Урхаллин тайпамонархи (кхин версешца, диархи)
Инкин Сапа
 • 1438—1471Пачакутек Юпанки
 • 1471—1493Тупак Инка Юпанки
 • 1493—1525Уайна Капак
 • 1525—1532Уаскар
 • 1532—1533Атауальпа
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Археологин талламаша гойту, баккхий бараман кхиамаш когаметта йитина инкашна хьалхарчу цивилизацеша, кхин а лулара куьйгакӀела далийна къаьмнаша а. Къилба Америкехь инкаш историн арене бовлучу хенахь йара цхьа могӀа цивилизацеш: Моче (мочика оьздангалла, йевза бесара кхийранца а, ирригацин системашца а), Уари (и пачхьалкх Инкийн империн куц хилла, амма бахархоша буьйцура, схьагарехь, кхин мотт — аймара), Чиму (йукъ — Чан-Чан гӀала, тера кхийра а, архитектура а), Наска (гӀарабевлла, Наска асанаш йарца, кхин а лаьттан бухахула хи далоран системашца, кхийранца), Пукина (Титикака Ӏоман малхбалехьара 40 эзар вахархо веха Тиауанако гӀалин цивилизаци), Чачапояс («Мархийн тӀемлой», бевза шайн буьрса Куэлап гӀопаца, цунах кхин а олу къилбаседин «Мачу-Пикчу»).

Инкийн дуьххьара европахоша дехкина суьрташ. Педро Сьеса де Леон. Перун хроника, 1553 шо

Империн цӀе

Кечуа меттара мехкан цӀе, Тауантинсуйу, гочдан мегара ду йиъ цхьаьнатоьхна провинци (Tawantin — «йеа хӀуманан тоба» (tawa «диъ» суффиксца -ntin, билгалдоккху «цхьаьна»); suyu — «мохк», «область» йа «провинци»). Кечуан лингвисто Деметрио Тупак Юпанкис ма-гайттара: «-ntin — „дерриг чудоьллина“, „дерриг, дийна цхьаъ дийриг[2]. Иштта цӀе йоьзна, мохк йеа провинцина бекъа луш болун дела: Кунтинсуйу (кечуа Kunti Suyu), Кольясуйу (кечуа Qulla Suyu), Антисуйу (кечуа Anti Suyu), Чинчасуйу (кечуа Chinchay suyu). Цул сов, Кускора (кечуа Qusqu) йеа агӀо араболура биъ некъ, хӀоранна а цӀе йара иза боьдучу провинцин санна.

Истори

Инкий импери кхиар (1438–1533)

Хронологи

Сарьменто де Гамбоа, Манко Капак[3].
Сарьменто де Гамбоа, Инкийн силсил. Синчи Рокка, Льоки Юпанки, Майта Капак, Капак Юпанки[4].
Сарьменто де Гамбоа, Инкийн силсил. Инка Рокка, Титу Куси Вальпа, Виракоча, Пачакути[5].
Сарьменто де Гамбоа, Инкийн силсил. Пачакути, Тупак Инка Юпанки, Вайна Капак, Васкар, Атавальпа[6].
  • 1200 гергга — Манко Капакан урхалла (кечуа Manqu Qhapaq), Куско йиллар.
  • 1240 гергга — Синчи Рокин урхалла (кечуа Sinchi Ruq'a).
  • 1260 гергга — Льоке Юпанкин урхалла (кечуа Lluq'i Yupanki).
  • 1290 гергга — Майта Капакан урхалла (кечуа Mayta Qhapaq).
  • 1320 гергга — Капак Юпанкин урхалла (кечуа Qhapaq Yupanki).
  • 1350 гергга — Инка Рокин урхалла (кечуа Inka Ruq'a).
  • 1380 гергга — Яуар Уакакан урхалла (кечуа Yawar Waqaq).
  • 1410 гергга — Виракоча Инкин урхалла (кечуа Wiraqucha Inka).
  • 1438—1471 — Пачакутек Юпанкин (Пачакутин) урхалла (кечуа Pachakutiq).
  • 1471—1493 — Тупак Инка Юпанкин урхалла (кечуа Tupaq Inka Yupanki).
  • 1492 — Колумба Америка дӀайеллар.
  • 1493—1527 — Уайна Капакан урхалла (кечуа Wayna Qhapaq).
  • 1513 — Васко Нуньес де Бальбоас дӀабоьллу «Къилбин хӀорд» (Тийна Ӏапказ).
  • 1515 — конкистадоран Васко Нуньеса де Бальбоан тобано керла дӀадиллинчу латтанашна «Перу» цӀе ло. Уайна Капакан дуьххьарлера хаамаш богӀу кӀайчу адамех.
  • 1522 — Паскуаль де Андагоя Инкийн империн чуваха гӀортар.
  • 1527—1532 — Уаскаран урхалла (кечуа Waskhar).
  • 1526—1528 — 1526 шарахь Писарро Альмагроца а, Бартоломе Руисца а новкъа ваьлла, Тумбесе вахана, йухабирзина Панаме. Гражданийн тӀом болабалале Атауальпина 1528 шарахь бевзина европахой, цунна тӀевалийнера Тумбесан гергахь мехкан таллам бан витина Писаррон ши стаг — Родриго Санчес а, Хуан Мартин а. 4 дийнахь уьш Кито кхачабе аьлла омар делира, цул тӀаьхьа уьш гӀурбанна байира Тикси Виракоча Пачакамакун тӀийра Ломас атагӀехь[7]. Испанхойх «виракоча» алар оцу дела ву бохучунна иза гӀурбана виер хила тарло.
  • 1528 — законехь 1аршан когаметта хила везачу Уаскаран а, цуьнан вешин Атауальпин (кечуа Ataw Wallpa) агӀончашна йукъара гражданийн тӀом.
  • 1532—1533 — Атауальпин урхалла.
    • 1532 шеран 13 майФрансиско Писарро кеманахь тӀекхочу Тумпис гӀалин, испанхой чубаха буьйлало Тауантинсуйу.
    • 1532 шеран 16 ноябрь — Кахамаркера тӀом, оцу тӀамехь Писаррон 168 стаг волу тобано вийна 5 эзар сов герз доцу инка. Атауальпа йийсар вина.
    • 1533 шеран 18 июнь — Атауальпа мехах схьаэцар. Дуьненан исторехь и хазна лору уггаре йоккха тӀеман хӀонс.[8]
    • 1533 шеран 20 йа 27 июль — Кахамаркехь конкистадораша йийсар вина Атауальпин виерца кхел йина.
  • 1534 — Куско конкистадораша схьайаккхар.
  • 1535 — Писарро Франсискос йуьллу Эвлайаийн гӀала (Лима). Инкийн импери схьайаьккхина, испанхоша Ӏарш тӀе хааво Тауантинсуйу Манко Инка Юпанки (кечуа Manqu Inka Yupanki). Манко Инка Юпанкис гӀаттам бо испанхошна дуьхьала Вилькабамбехь.
  • 1543 — Перу вице-паччахьалла кхайкхийна, цуо цхьаьнатоьхна йерриг аьлча санна Къилба Америка, Бразили йоцург.
  • 1544 — Манко Инка Юпанкин валар.
  • 1544—1561 — Сайри Тупакан (кечуа Sayri Tupaq) Вилькабамбера (кечуа Willka Pampa) урхалла.
  • 1561—1570 — Титу Куси Юпанкин (кечуа T'itu Kusi Yupanki) Вилькабамбера урхалла.
  • 1569 — Титу Куси Юпанкис керсталла тӀеоьцу, бакъо ло Вилькабамбин махкахь дин даржо.
  • 1570 — Тупак Амару I (кечуа Tupaq Amaru) Вилькабамбехь урхалча хуьлу.
  • 1572 — испанхоша Вилькабамбехь индахойн пачхьалкхах дисинарг хӀаллака до.
  • 1609Лиссабонехь арайовлу Инки Гарсиласо де ла Вегин «бакъ йолу комментареш».[9]
  • 17801782 — Тупак Амару II (Хосе Габриэль Кондорканка) коьртехь волу индахойн гӀаттам.[10]

Импери кхоллайалар а, кхиар а

Инкел хьалхара Андийн цивилизацеш, 14 бӀешо

Андийн областехь а, цуьнца йолу бердйист а вайн эрал хьалхара 1 эз. — вайн эрин 1 эз. шарахь кхоллайелира кхиина йаьлла латта лелон цивилизацеш: Чавин, Паракас, Наска, Мочика, Тиауанако, кхин а. XII бӀешарахь Титикака Ӏоман бердаш тӀехь гучуйдолу къам, цуьнан куьйгаллехь ву Инка — лакхара урхалча. Иза кхелха керла коьртачу шахьре — Куско, шен Ӏаткъам баржабо боккхачу махкахь (Л. Е. Гринина гайтарехь, XV бӀешеран шолгӀачу декъехь дерриг 30 шарахь Инкийн пачхьалкхан майда бӀенашкахь совйаьлла[11]), XVXVI бӀешерашкахь цуо дӀалоцура хӀокху заманан Эквадоран, Перун, Боливин, [[Чили]н], кхи а Колумбин а, Аргентинин а кегийра кӀошташ.

Пачхьалкх кхоллар тӀейаздо туьйра хиллачу Инкина Манко Капакана[12], цуо йиллина коьрта гӀала — Куско[13], 3416 метр хӀордан тӀегӀанал лакхахь, шина ламанан дукъан йуккъера кӀорга Ӏин чохь.

Кхоьллинчул тӀаьхьа мохк гуттаренна шорлорабашха шорлора, Инка Яуар Уакакас имперехь гуттаренна эскар дича. Даккхий мехкаш даьхна Инка Пачакутис. Цуо кхоьллина хила ма-йеззара импери, ткъа цул хьалха инкаш индахойн дуккха а тайпанех цхьаъ бен дацара, ткъа Куско — кхечарех терра гӀала бен йацара. Инкашна куьйгакӀелара дукхаха долу латтанаш даьхнера Пачакутис а, цуьнан кӀанта Тупак Инка Юпанкис. Мехкан жима дакъа тӀетоьхна цхьатталгӀачу Инкаса — Уайна Капака. Урхалчаш Уаскар а, Атауальпа а Уайна Капакан кӀентий бара. Иза веллачул тӀаьхьа цара болийра массо а хӀиттийна шайна йукъара тӀом. Испанхой баьхкинчу хенахь тӀемехь толамхо хилира Атауальпа. Амма цуо дукха ца лелийра шен толаман стоьмаш, хӀунда аьлча вожийна вийра испанхоша, цара чаккхенца хӀаллакйира инкийн импери.

Духар

Билгалдахарш

Охьадалораш

Литература

Жайнаш

Йаззамаш

Хьажа кхин а

Хьажоргаш

  Инкаш