Жээнбеков, Сооронбай Шарипович

Жээнбе́ков Сооронба́й Шари́пович, доьшу Джэенбе́ков (кӀиргӀ. Сооронбай Шарипович Жээнбеков; 1958 шо 16 ноябрь, ССРС, ГӀиргӀазойн ССР, Ошан область, Советийн кӀошт, Кара-Кульджа) — гӀиргӀазойн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо. 2017 шеран 24 ноябрехь дуьйна ГӀиргӀазойн Республикин Президент а, ГӀиргӀазойн Республикин ТӀеман ницкъийн Лакхара коьртабаьчча а. 2016 шеран 13 апрелера 2017 шеран 21 август кхаччалц лаьттира ГӀиргӀазойн Республикин премьер-министран даржехь.

Жээнбеков Сооронбай Шарипович
кӀиргӀ. Сооронбай Шарипович Жээнбеков
Жээнбеков Сооронбай Шарипович
ГӀиргӀазойн Республикин 5-гӀа Президент
 — 2020 шеран 25 октябрь
Хьалха хилларгАтамбаев Алмазбек
ГӀиргӀазойн Республикин 27-гӀа премьер-министр
 — 2017 шеран 21 август
ПрезидентАтамбаев Алмазбек
Хьалха хилларгСариев Темир
КогаметтанигАбылгазиев Мухьаммадкалый (д.кх.)
Исаков Сапар
Динислам
Вина терахь1958 шеран 16 ноябрь({{padleft:1958|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (65 шо)
Вина меттигССРС, ГӀиргӀазойн ССР, Ошан область, Советийн кӀошт, Кара-Кульджа
ЗудаАйгуль Жээнбекова
БерашШиъ: йоӀ а, кӀант а
ПартиССКП (1988-1991)
Партехь вац (1991-1998)
ГӀСДП (1998 шарахь дуьйна)
ДешарГӀиргӀазойн йуьртабахаман К. И. Скрябинан цӀарах институт
ДинлелорИслам (хьанафий)
СовгӀаташ
Манас орденан кавалер 3 тӀегӀанан
Республика Кхазакхстанан хьалхарчу президентан Назарбаев Нурсултанан орден
ПачхьалкхГӀиргӀазойчоьнан байракх ГӀиргӀазойн Республика
Эскаран тайпаССРС ТӀеман Ницкъаш
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Биографи

Схьавалар а, жималла а

Жээнбеков Сооронбай вина 1958 шеран 16 ноябрехь Ошан областан Советийн (хӀинца Кара-Кульджан) кӀоштара Кара-Кульджа эвлахь. Схьавалар ду гӀиргӀазойн Адигине тукхаман Жору тайпанах. Колхозан председателан а, балхахь йоцучу хӀусамненан а кхоалгӀа кӀант. Цуьнан 5 ваша а, 4 йиша а йу.

1976-1977 шерашкахь йуккъера дешарца болх бира оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Ошан областера Узгенан кӀоштарчу йуккъерачу Ленинан цӀарахчу ишколехь. 1983 шарахь чекхйаьккхира ГӀиргӀазойн йуьртабахаман К. И. Скрябинан цӀарах институт (хӀинца ГӀиргӀазойн къоман аграрийн К. И. Скрябинан цӀарах университет]] Фрунзехь (хӀинца Бишкек) зооинженер говзаллица. 1988 шо кхаччалц болх бира Ошан областан Советийн кӀоштара шен эвлахь йолчу «Кхеташо» совхозехь коьрта зоотехник. Шен говзаллица Ӏемира ӀТИ Алма-Атахь а, Ташкентехь а.

Политикин гӀуллакхан йуьхьиг

1980-гӀа шерашкахь политикин йукъавахара. 1988 шарахь ССКП велира. 1988-1989 шерашкахь болх бира ГӀиргӀазойн ССР Коммунистийн партин (ССКП йукъахь) Ошан областан Советийн кӀоштан комитетан инструктор. 1991 шарахь дуьйна — Ошан областера Ульяновн цӀарах совхозан парткоман секретарь. 1991-1993 шерашкахь оцу совхозан директор ву. 1993 - 1996 шераш — Ошан областера Кара-Кульджинан кӀоштара «Кашка-Жол» колхозан урхаллин.

1995 шо долалуш хаьржира Ошан областан Жогорку Кенешан I кхайкхаман Гуламан халкъан векалийн декъахо (лакхара палатин). 1996-1997 шерашкахь хилла Гуламан халкъан векалийн аграрийн белхан комитетан гӀовс, ткъа 1997-2000 шерашкахь вара оцу комитетан председатель. Оцу хенахь Жээнбеков Сооронбай партехь а вацара. 1998 шарахь йукъавахара ГӀиргӀазойчоьнан социал-демократин партин (ГӀСДП). 2000 шо долалуш йуха а хаьржира Жогорку Кенешан II кхайкхаман Гуламан халкъан векалийн декъахо. 2005 шо кхаччалц лаьттира Жогорку Кенешан Гуламан халкъан векалийн спикеран гӀовсан даржехь.

2003 шарахь Жээнбеков Сооронбайс чекхйаьккхира ша хьалха дешна ГӀиргӀазойн къоман аграрийн К. И. Скрябинан цӀарах университетан экономикин факультет, бухгалтер говзаллица, иза шолгӀа лакхара дешар хилира цуьнан. 2005 шеран февралехь хаьржира цхьаьна палатин Жогорку Кенешан депутат. ЗӀамсегарган революци заманахь оппозицехь йолу ГӀСДП декъахо волчу Сооронбайс революцин гӀолацара, Акаев Аскаран раж йохо лууш вара. 2005-2007 шерашкахь вара Жогорку Кенешан Агропромышленностан комплексан а, экологин а комитета председатель.

Интермаша-мем

«Чык эшикке!»

Премьер-министр волуш, 2017 шеран 20 июнехь «Чык эшикке!» («Вала ара!») дешнашца араваьккхира Правительствон гуламера Абдыкаров Алмазбек — Пачхьалкхан архитектурин а, гӀишлошйаран а агенталлин директоран гӀовс, цуо премьеран хеттаршна жоьпаш ца даладаларна гуламан кечам ца бина аьлла[1].

СовгӀаташ

ГӀиргӀазойчоьнан совгӀаташ

  • «Манас» орден III тӀегӀанан (2015)
  • «Данк» мидал (2011)
  • «Йуьртан бахаман хьакъ долу белхало»

Дозанал арахьара совгӀаташ

  • «Республика Кхазакхстанан хьалхарчу Президентан — Къоман лидеран Назарбаев Нурсултанан» орден (Кхазакхстан, 2019 шеран 27 май) — Евразин интеграцин ойлан 25 шо кхачар а, Евразин экономикин барт кӀела куьйгаш йаздаран 5 шо кхачар а даздарна, ткъа кхин а Республика Кхазакхстанца цхьаьна гӀуллакх дар кӀорга а, шор а дарехь башха дакъа лацарна[2]

Билгалдахарш

Хьажоргаш