Жуьгтийн абат

Жуьгти́йн а́бативритехь а, ткъа иштта идишехь а, ладинохь а, диаспоран кхечу жуьгтийн меттанийн абат. Ивритехь консонантан йоза леладарна, абат лаьтта мукъаза элпех; амма цхьадерш царех леладо иштта мукъа элпаш дӀаяздеш ивритехь а, диаспоран кхечу меттанашкахь а. Иштта лелийна караимийн а, крымчакийн меттанашкахь.

Жуьгтийн йоза
Йозанан тайпаконсонантан
Меттанашиврит, Ӏарамийн мотт, идиш, сефардийн мотт, кхин жуьгтийн меттанаш
Кхолладелла меттигГергара Малхбале
Кхоьллина терахьвайн эрал VI—II бӀешо хьалха[1]
Мурвайн замане кхаччалц
Йозан агӀоаьтту агӀонера аьрра агӀорхьа
Шира документТоврат
Схьадалар

финикийн йоза

Ӏарамийн абат
ГергараӀарамийн абат, Ӏаьрбийн абат
Юникодан диапазонU+0590 … U+05FF, U+FB1D … U+FB40
ISO 15924Hebr
Йозан масала

Абат

Абатехь 22 элп ду, даккхий элпаш дац. Пхи элп шина кепара яздойла ю — коьртаниг (леладо дешан юьххьехь а, юккъехь а) а, чеккхарниг а. Ивритехь дерриг элпаш мукъаза ду, амма диъ царех — א алеф, ה хе, ו вав и י йод — наггахь леладо мукъа элпаш яздеш (матрес лекционис). Мукъа элпаш дӀаяздархьама лелайо хьаьркийн диакритикан система «Некудот», элпан тӀехула я бухахь тӀадамаш хӀиттор. Хьалха лелийна иштта лерина хьаьркаш (таги), цара цхьадолу жуьгтийн абатан элпаш кечдеш бустаман роль кхочуш йо. Идишехь абат юьзина ю: א алеф, ו вов, י йуд и ע аен элпаш мукъаза элпийн роль яйина, царех хилла мукъа элпаш, цул сов, диграфаш ю цхьайолу дифтонгаш билгалйохуш.

Жуьгтийн элпаш иштта леладо терахьаш яздеш, хӀора элпах тесна ду терахь — гематри.

Таблица

ЭлпТерахь-
хьан
барам
(гемат-
ри)
ЦӀеТранслитерациАлар (МФА)
юьхь.
ср.
чекх.Стандарт-
ное
Ашкен-
азийн
ИвритНохчийнДуьнена-
йукъара
Дац-
дина
Жуьг-
тийн
Ашкен-
азийн
Сефар-
дийн
Реконструкци
МишнаБибл.
1א1А́лефА́лефאָלֶף', а, еʾ'[ ʔ, - ][ — ][ ʔ, - ][ ʔ, - ][ʔ ]
2ב2Бет (вет)Бейс (вейс)בֵּיתб, вb, ḇb, v[ b, v ][b, v~v̥ ][ b, b~β~v ][ b, β ][ b ]
3ג3Ги́мельГи́млגִימֶלг, гӀg, ḡg[ ɡ ][ɡ~ɡ ̊][ ɡ, ɡ~ɣ ][ ɡ, ɣ ][ ɡ ]
4ד4Да́летДо́лесדָלֶתдd, ḏd[ d ][ d~d̥ ̊][ d̪~ð ][ d̪, ð ][ d ̪]
5ה5ХеХейהֵאхӀh, Ḏh[ h~ʔ, - ][ h, — ][ h, — ][ h, — ][ h ]
6ו6ВавВовוָוв, о, уww[ v ][ v~v̥ ][ v ][ w ][ w ]
7ז7За́инЗа́инזַיִןзzz[ z ][ z~z̥ ][ z ][ z ][ dz ]
8ח8ХетХесחֵיתхьh`, x[ χ~ħ ][ x ][ ħ ][ ħ, x ][ ħ, x ]
9ט9ТетТесטֵיתтt`[ t ][ t ][ t̪ ][ t̪ˁ ][ t̪ʼ ]
10י10ЙодЙудיוֹדи, йyy[ j ][ j ][ j ][ j ][ j ]
11‭כך20Каф (хаф)Коф (хоф)כָּףкъk, ḵk, kh[ k, χ ][ k, x ][ k, x ][ k, x ][ k ]
12ל30Ла́медЛо́медלָמֶדлll[ l ][ l~ɫ ][ l ][ l ][ l ]
13‭מם40МемМемמֵםмmm[ m ][ m ][ m ][ m ][ m ]
14‭נן50НунНунנוּןнnn[ n ][ n ][ n̪ ][ n̪ ][ n̪ ]
15ס60Са́мехСо́мехסָמֶךсss[ s ][ s ][ s ][ s ][ ts ]
16ע70А́инА́инעַיִןӀ``[ ʔ ~ ʕ, – ][ — ][ ʕ, ŋ, – ][ ʕ, ɣ ][ ʕ, ɣ ]
17‭פף80Пе (фе)Пей (фей)פֵּאп, фp, php, ph[ p, f ][ p, f ][ p, f ][ p, ɸ ][ p ]
18‭צץ90Ца́диЦо́ди, цо́дикצָדִיцs`[ ʦ ][ ʦ ][ ʦ ][ sˁ ][ʦʼ, ʧʼ, t͡ɬʼ]
19ק100КофКуфקוֹףкkk[ k ][ k ][ k ][ q ][ kʼ ]
20ר200РешРейшרֵישрrr[ ʁ ][ ʀ ][ r~ɾ ][ ɾ ][ ɾ ]
21ש300Шин (син)Шин (син)שִיןш, сš, śsh, lh[ ʃ, s ][ ʃ, s ][ ʃ, s ][ ʃ, ɬ ][ ʧ, t͡ɬ, s ]
22ת400ТавТов (сов)תָוтt, ṯt, th[ t ][ t, s ][ t̪, θ ][ t̪, θ ][ t̪ ]

Билгалдахарш

  • Израилехь лелайо коьртаниг элпийн стандартан цӀераш ашкеназийн цӀерийн элементашца.
  • Таблицехь йелла нохчийн транслитераци, уллера бен йац.

Истори

Вайн эрал I эзар шо хьалха (960—585) жуьгтий лело буьйлало ширажуьгтийн йоза — вайн эрал 2-гӀа эзар шеран чеккхенгахь Гергарчу Малхбалехь шуьйра лелош хилла долу финикийн системах тера. Девзаш долчу тептарех и система лелош уггаре шираниг ю Тель-Зайитера абат, Гезерера табличкаш (вайн эрал ~950 шо хьалхара, Сулейман паччахьан мур), ткъа иштта иэс а, кхин Меса (Моавитийн паччахьан, вайн эрал ~850 шо хьалха) йозанаш а. Ширажуьгтийн йозан дукхаха йолу башхаллаш когаметта йисина самаритийн йозан.

Вавилонан йийсаралла долчу заманахь жуьгташа тӀаьхь-тӀаьхьа сацадо шира йоза лелор, вайн эрал 535 шо хьалха дехьабовлу вавилонан Ӏарамийн йозан (шен рогӀехь иштта схьадаьлла долу финикийчух), цунах олу жуьгтийн квадратан йоза.

Юккъерачу бӀешерашкахь хӀора регионехь шайн-шайн хотӀаш юкъадевллашехь, оцу абатан элпаш яздар вайн замане кӀезиг хийцаделла кхьаьчна. Жуьгтийн меттанаш кхоллалуш диаспораша жуьгтийн квадратан ный шрифт и меттанаш яздарехь лелийра.

Квадратан элпаш дукха хьолахь леладо архитектура хазъеш.Баккхий кхиамаш баьхна каллиграфин а, микрографин а говзаллаш.

Элпаш дахкаран варианташ

Элпан цӀеВарианташ
ХӀинцалераШира
Вениз ярцаВениз янзаМоношораллинКуьйга йозаРашиФиникийнӀарамийн
Алефאאא
Бет/Ветבבב
Гимельגגג
Далетדדד
Хеההה
Вавווו
Заинזזז
Хетחחח
Тетטטט
Йудייי
Каф/Хафכככ
Каф/Хаф (чеккхенгара)ךךך
Ламедללל
Мемמממ
Мем (чеккхенгара)םםם
Нунנננ
Нун (чеккхенгара)ןןן
Самехססס
Аинעעע
Пей/Фейפפפ
Пей/Фей (чеккхенгара)ףףף
Цадиצצצ ,
Цади (чеккхенгара)ץץץ
Куфקקק
Рейшררר
Шин/Синששש
Тавתתת

Билгалдаккхар. Таблицехь доцу ширажуьгтийн элпаш дахкарца тера ду буквы финикийчех.

Динан маьӀна

Элпийн мистикан маьӀна доьллу каббалан литературехь:Зогар жайнахь (дакъош «Раби Амнона-Саба элпаш» а, «Ситрей отийот» а) а, мидрашех «Отийот де раби Акива» («рабби Акиван» элпаш) а.

Сийлахь жайнин маьӀна деш а, къайлаха маьӀна лохуш а леладо гематри (элпийн терахьийн маьӀнийца ларар) а, темура (цхьадолу элпаш кхечаьрца хийцаран таблица).

Тайп-тайпана абаташ ю лелош Жайнан маьӀна доккхуш:

אתב"שא хуьйцу ת, ткъа ב хуьйцу ש, иштта кхин дӀа а.

תשר"קабат юханехьа.

אי"ק בכ"ר

цхьаъ, иттаннаш, бӀенаш (гематри)

אטי"צ1 хуьйцу 9-ца, 2 хуьйцу 8-ца кхин дӀа а; изза иттаннашца а, бӀенашца а. ה,נ,ך элпийн маьӀна, догӀу, — 5, 50, 500, — хийца а ца ло.[2]

Зоар жайнахь кхетадо, кӀайн баса тӀехь Ӏаьржа элпаш дахкаро дӀало каббалахойн кхаьчна тайп-тайпана хила тарло юкъаметтигаш Ӏаламан ницкъашна йукъара, уьш хаа ца ло адаман синхааман пхеа меженан.[3]

Билгалдахарш