Дуи Ум-Хьаж

нохчийн баьчча

Дуин Ӏума (1809 шо, Зумса1878 шо, Соьлжа-ГӀала) тIеман баьчча, Кавказхойн–оьрсийн тIеман декъашхо. Шаройн тукхуман а, уллехь йоьлла жІайхойн эвлашн а, Зумсойн а наиб. Тайпан Зумсо[1].

Дуин Ӏума
Вина терахь1809({{padleft:1809|4|0}})
Вина меттигЗумса, Нохчийчоь
Кхелхина терахь1878({{padleft:1878|4|0}})
Кхелхина меттиг:Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь
Пачхьалкх Имамат
ТӀемашКавказхойн–оьрсийн тIом 1763–1864
Нохчийн гІовттар 1860-1861
Нохчийчоь а, ДегІаста а гІаттара 1877-1878
СовгӀаташЗорба, шаьлта

Дахаралла

Вина ву Зумса эвлахь, Хилдиехьаран кІотарехь. Имам Шемалан наиб хилла а ву, Имамат йоьжнач йукъанна нохчийн гІовттаран куьйгалхо а хуьттара, БойсгІариц а 1860 шарахь, Ӏелбаг-Хьаьжац а 1877 шарахь. Кхиъ шовза ХьаьжцӀа вагІнера иза. Шемалс шен тура а, зорба а йеллера Ум-Хьажан.

Орбелиани бохуш а, кавказан эскаран командир а волуш оьрсешка йаза до:

«Дуин Іума Шемалан наиб волуш хеннахь, шен майраллица а, цІен дог-ойлац а, нийсонца а чекх ваьлла дела, къоман йукъахь лараме адам ду, цунна чӀогІа амалин бахьана долуш къоман гІовттаран куьйгалхо хилла йиш йу иза».

ГІазгІумкхийн Жамалдин кІант Абдурахьман шен Имаматех лаьцна тептар тІаьхь йаза до:

«Ас кхузахь баз бина болу наибаш, сунна сайн гина, церан хьал а дойзуш вара со. Оц наибашн йукъахь бара цІен дог-ойла а йоьллуш, Шемалан тешаме а хеттуш нах. Йа шен бахаман а са ца гатт деш, йа шеха къаъ ца хеттуш а, нахана йукъахь нийсо а лелайеш. Дукха хьолехь нийсонца чекх боьвла Нохчийчоьхь бара наибаш: Шуайб, Сухаиб, жІайхойн махкара Ахьвердин Махьма, Талхик, Іусман, Зумсойн Іумма»

Кхин хьажа

Билгалдахарш