Дахар
Дахар (латинан маттахь vita) — биологин агӀора хьажча — шеца «чохь са долу хӀуманан башхаллаш» йолу материн жигара форма ю; организмехь хӀумаллийн хийцам а, цуьнан бекъабалар а чекхбоккхуш физически а, химин а процессийн цхьанакхетар ду. Дийначу материн коьрта атрибут ю — репликаци ярна лелош йолу генетикан информаци.
![](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/1/15/%D0%90%D1%81%D0%B0_%D0%A1%D0%B5%D1%83%D0%BB%D0%B5%D1%85%D1%8C_%D0%B4%D0%B0%D1%8C%D0%BA%D0%BA%D1%85%D0%B8%D0%BD%D0%B0_%D1%81%D1%83%D1%80%D1%82.jpg/181px-%D0%90%D1%81%D0%B0_%D0%A1%D0%B5%D1%83%D0%BB%D0%B5%D1%85%D1%8C_%D0%B4%D0%B0%D1%8C%D0%BA%D0%BA%D1%85%D0%B8%D0%BD%D0%B0_%D1%81%D1%83%D1%80%D1%82.jpg)
Репликацин ярна лелош йолу генетикан информаци — дийначу материн коьрта атрибут ю. Таханлерачу дийнахь «дахар» дешан тайп-тайпана маьӀна ло, цхьабакъду Ӏилманчаша къобал йо цуьнан билгалонаш: организаци хилар а (кепе балийна хӀоттам), метаболизм а (Ӏаламо ницкъ балар а, и ницкъ шен хӀоттам ларбарна а, чӀагӀбарна а лелабар) , дегӀдаккхар а, адаптаци а (организм гонахарчу хьелех йолийтар), дебар а (чохь са долу хӀуманаш дебаш ду).