Грозненски рабочий

Грозненский рабочий — Нохчийн Республикин оьрсийн маттахь арахоьцу газет. Советан Ӏедал долчу хенахь иза дара Нохч-ГӀалгӀайн КПСС обкоман а, Министрийн Советан а орган. 1971 шарахь цуьнан тираж яра 110 эзар экземпляр[1].

Грозненский рабочий
Газетан мужалт (2013 шеран 6 август)
Тайпайукъараллин а, политикин а
ФорматА2

Коьрта редакторЛёма Турпалов
Кхоьллина1917 шо
Моттоьрсийн
Чухоам4 агӀо
Коьрта офисМоскох
Тираж110 000 (1971 шо)
Веб-сайтgrozrab.org
Газетан редакци чохь йолу Зорбанан ЦӀа

Арахеца долина 1917 шарахь. Цуьнан хьалхара цӀе яра «Товарищ». Цул тӀехьа цуьнан цӀе масийттуза хицаелира — «Известия Грозненского Совета рабочих, крестьянских и казачьих депутатов», «Красный труд». 1924 шарахь цунна тиллира «Грозненский рабочий» цӀе. 1980-гӀа шераш чекхдолуш хенахь цуьнан цӀе тиллира «Голос Чечено-Ингушетии». 1991 шарахь цуьнан арахецар сецира. 1995 шарахь иза юха а арахеца долийра шен хьалхара цӀерца. Цу хенахь иза арахоьцура Минвод гӀалахь. Коьрта офис ю Москохахь. Газета хӀинца арахоьцуш ду Соьлжа-ГӀалахь.

СовгӀаташ

  • 1971 шарахь цунна йелла Къинхьегаман ЦӀе Байракхан Орден.
  • 2003 шарахь газетин коьрта редакторан Муса Мурадовн делира Прессин маршон халкъашна йукъара совгӀат[2].
  • 2007 шарахь Халкъашна йукъара журналистийн фондас (ICFJ) йина конкурсехь Награды за освещение биологического многообразия на Кавказе (Biodiversity Reporting Award) Лема Турпаловн совгӀат делира[3].

Билгалдахарш