«Берзан кӀеза», кхин а йевза «ГӀам» (инг. Teen Wolf) цӀарца — Ӏаламан тӀехулара драмин телесериал, йаьккхина 1985 шарахь иштта цӀе йолчу фильман мукъамца АЦШхь MTV каналан заказца. Премьера хилла 2011 шеран 5 июнехь «MTV Movie Awards» совгӀат даларан церемонел тӀаьхьа[1][2].

Берзан кӀеза
инг. Teen Wolf
Жанрбоевик
романтика
Ӏаламан тӀехулара триллер
жимахойн драма
БухбеллинаБерзан кӀеза
РольшкахьТайлер Пози
Кристал Рид
Дилан О'Брайен
Тайлер Хеклин
Холланд Роден
Колтон Хэйнс
Шелли Хенниг
Арден Чо
Дилан Спрейберри
Линден Эшби
Мелисса Понцио
Джей Ар Борн
КомпозиторДино Менегин
Пачхьалкх АЦШ
Моттингалсан мотт
Сезонаш6
Сереш100 (Серийн_могӀам)
Кхоллар
Кхочушден продюсерДжефф Дэвис
ПродюсерЭрик Уоллес
Грэхэм Вандербилт
Блейн Уильямс
Блейн Уильямс
Тайлер Поси
Росс Максвелл
ОператорДжонатан Холл
Рис Пэйсли
Дэвид Дэниэл
Яьккхина меттиг
Серин йохалла40-53 мин
СтудиAdelstein Productions
DiGa Vision
First Cause, Inc.
Lost Marbles Television
Siesta Productions
MTV Production Development
MGM Television
Трансляци
ТелеканалMTV
Экранаш тӀехь2011 шеран 5 июнехь — 2017 шеран 24 сентябрехь
Видео формат16:9
Хьажоргаш
Официальный сайт
IMDbID 1567432

Шоус дика маххадийра, гулбира 61 балл гулбан таро йолчу 100 Metacritic сайт тӀаьхь[3]. Сериалан премьеро тӀеозийра 2,18 млн хьажархо[4]. Шоу официалан йахйира 2 шарна 2011 шеран 14 июль кхаччалц[5], йаккха йолийра 2011 шеран ноябрехь. 2 шеран премьера хилира 2012 шеран 3 июнехь[6]. 2012 шеран 12 июлехь «Берзан кӀеза» йахйира 3 шарна, лаьттара 24 серех, йаккхаран меттиг дехьайаьккхира Лос-Анджелесе, Калифорни. Шеран премьера хилира 2013 шеран 3 июнехь, йелира керла лакхара рейтингаш. Комик-Конехь (Comic-Con) Нью-Йоркехь официалан кхайкхийра сериал кхин дӀайахьарх а, 2014 шеран июнехь 4 шо арахецарх а. 2014 шарахь Comic-Con Сан-Диегохь официалан кхайкхийра сериал кхин а дӀайахьарх, 5 шо арахецарх. Шо шина декъе доькъур ду, цунна чохь 20 кийсиг хир йу.

2015 шеран июлехь сериал йахйира йалхолгӀачу шарна, иза лаьттара 20 кийсигах. 2016 шеран 21 июлехь Comic-Con Сан Диегохь кхайкхийра, 6-гӀа шо тӀаьххьара хир ду аьлла[7]. ЙалхолгӀа шеран хьалхара декъан премьера хилира 2016 шеран 15 ноябрехь[8], ткъа шолгӀа декъан 2017 шеран 30 июлехь[9].

Сюжет

Макколл Скотт — йалхийтта шо долу кхиархо, цхьаьна бусахьуьнхахь ничвеллча, ка а тухий чӀогӀа чов йо, берзах тера, ца девзачу экхано. Дукха хан йалале Скотта тидам бан волало шен чохь хийцамаш хиларна, масала хазар а, ницкъ а, сихха регенераци а, сихха рефлексаш а хила таро хилар. Шен уггаре дика доттагӀчуьнца Стайлз Стилинскица а, мичара даьлла ца хуучу гӀеман Дерек Хейлан а гӀоьнца иза Ӏама везаш шен собар чӀагӀдан, шен доьзал а, доттагӀий а, йоӀ а — Эллисон Арджент — Альфех, гӀемах, ша винчу…

Ролашкахь

«Берзан кӀеза» телесериалан персонажийн исписка

Серийн исписка

«Берзан кӀеза» телесериалан кийсигийн исписка»

Йаккхаран истори

2009 шеран июнехь MTV канало кхайкхийра, классикин кегийрхойн 1985 шеран комедин керла верси йаккха кечлуш ду Фокс Майкл Джейца — цара дийцарехь, проект алсама ладаме хир йу, цуо шорйийр йу гӀемийн паналлин мифологи, кхин а хир йу драмин, романтикин комедин, къемат фильмийн жанрийн иэдар[10]. Иза фильман шолгӀа телеадаптаци йу иштта цӀе йолу мультсериалал тӀаьхьа, иза йаьккхинера CBS канало, эфире йаьллера 1986 - 1987 шерашкахь.

1 шеран логотип.

Актёраш лаха болийра 2009 шеран декабрехь. Коьрта ролашка ийцира Тайлер Пози, Кристал Рид, Тайлер Хеклин, Дилан О’Брайен, Холланд Роден, Колтон Хэйнс. Поузин кхечира ишколхочун Скотт Макколлан коьрта роль, цунна кА туху гӀемо; Рида ловзайо керла Эллисон Арджентан роль, цунна сихха везало Скотт, цунах доттагӀ хуьлу гӀарайаьллачу дешархочун Мартин Лидин; Хеклина ловзайо Дерек Хэйлан, гӀира-гӀеман роль; О’Брайенна кхаьчна Стайлзан роль, Скоттан уггаре дика доттагӀ; Родена ловзайо Мартин Лидин роль — гӀарайаьлла а, коьрте йеза а ишколхо, ткъа Хэйнса ловзайо Джексон Уиттморан роль — лакроссехь а, дахарехь а Скоттан коьрта мостагӀ[11].

Шоун хьалхара 12 кийсиган суьрташ даха долийра 2010 шеран октябрехь Атлантехь, Джорджи штатехь[12]. Австралин режиссёро Малкэхи Рассела сериалан пилотан версии йаьккхира[13]. Композитором шоу стал Дино Менегин (инг. Dino Meneghin)[14]. Пилотан хьалхара бархӀ минот MTV каналан официалан сайт тӀейаьккхира 2011 шеран 31 майхь.

Фильм а, спин-офф а

2023 шарахь ларйеш йу «Берзан кӀеза: Фильм» арайалар. Фильм «Берзан кӀеза» телесериалан тӀаьхье хир йу[15][16].

Фильм кхин а хин йолчу, Эдо ван Белкоман романан бух тӀера, «Берзан арданг телесериалан спин-оффан йуьхьиг хир йу[17].

СовгӀаташ

ШоНоминациКатегориНоминантЖамӀ
2011Teen Choice AwardsChoice TV Fantasy/Sci-FiНоминаци
Choice Summer TV ShowНоминаци
Breakout StarТайлер ПозиНоминаци
Choice Summer TV Star — MaleНоминаци
Choice Summer TV Star — FemaleКристал РидНоминаци
Choice TV Actress: Fantasy/Sci-FiНоминаци
2012Saturn AwardBest Youth-Oriented Series on TelevisionТоьлла
Teen Choice AwardsChoice Summer TV ShowТоьлла
Choice Summer TV Star — MaleТайлер ПозиТоьлла
Choice Summer TV Star — FemaleКристал РидНоминаци
Imagen Award(ингалс.)Best Actor/TelevisionТайлер ПозиНоминаци
ALMAFavorite TV Actor — Leading RoleТоьлла
2013Saturn AwardBest Youth-Oriented Series on TelevisionТоьлла
2014Saturn AwardBest Youth-Oriented Series on TelevisionТоьлла

Сурсат

Комиксаш

2011 шеран сентябрехь «Image» студис сериалан мукъмашца хӀора баттахь арахеца йолийра «Берзан кӀеза: Катоха суна» цӀе йолу комиксийн сери[18]. Кхаа арахецаран мини-серехь гӀуо йемал йира сюжет а, кхочушйар а.

Жайна

2012 шеран 17 июлехь йохка йолийра Нэнси Холдера йазйина роман «Берзан кӀеза:ЦӀергахь»[19]. Романан гӀуллакх хуьлу хьалхара шеран «The Tell» а, «Heart Monitor» а эпизодашна йукъахь. Жайна хестош дара[20].

Вебизодаш

«Дарба лоьхуш» (инг. Search For A Cure) вебизодаш йаьхна AT&T телекоммуникацин компанис гӀо лоцуш. Веб-сериал хӀоттийна, шоу йинчу, Джефф Дэвиса, шен сценарица — мини-истореш лору дуьненан канонех. Кийсигашка хьажа йиш йу MTV каналан сайт тӀехь а, Facebook тӀера AT&T агӀонна а тӀехь.

ГӀуллакхаш дӀадоьду шоун хьалхара а, шолгӀа а шерашна йукъахь. Сюжетаца Стайлз ликантропин областера эксперт, доктор Конрад Фенрас лаха воьду. КӀант тешна ву цуьнга Скотт толу рву аьлла, гӀеман наьӀалтах кӀелхьара воккхур ву аьлла[21]. Доктор Фенрисан роль ловзийна Джон Позис, коьрта роль ловзийна Тайлер Позин дас. Джон сериалан актерийн хӀоттамна йукъавахара «Wolf’s Bane» эпизодехь.

Билгалдахарш

Хьажоргаш