Бераххилар

Бераххилар[1] йа Пхоралла[2] — шен организмехь хийцамаш цхьаьна хуьлуш зудчо бер кийрахь лелоран процесс[3]. Цунна йукъахь бу стеллин пхардар тӀера бер даллалц болу мур[4]. Зуда берах йолучу заманахь, цуьнан организмехь хуьлу ладаме анатомин а, физиологин а хийцамаш, уьш хьовсийна йу бер кхио а, йуург латто а, цуо дегӀан хӀора меже хьайо[5].

Бераххилар
Специализаци[en]Акушералла
Дохалла9 бутт гергга
Пхораллин 26 а, 40 а кӀира кхаьчна зуда
Адаман эмбрион (8 кӀира)

Пхьорах хиллачул тӀаьхьа иза лаьтта йуккъера барам 9 бутт гергга (266—270 де), йисттера хан 250—285 де[3]. Берах хиларан билггала терахь хаа ца ло дела, хила тарло терахь билгалдоккху иштта: тӀаьххьара цӀано йохаран циклан хьалхарчу денна тӀетуху 7 де (керла Зирхан фолликул кхиаран йуьхьиг) тӀера кхаьчначу терхьан тӀера багарбо 9 бутт[3] (Негелен бакъо)[6]. Кийрахь бер дуьззина кхуьу тӀаьххьарчу цӀано йохаран циклан хьалхара денна тӀера 221-гӀачу дийнахь[3]. 50 % меттигашкахь бер до бер даран хила тарло терхьанна тӀера ±7 де, 95 % меттигашкахь — ±14 де[3].

Бераххилар нисло беран цӀийнан турбин чохь стен зирх эрасалхаца а, стен-боьршаллин клеткашца а ийча, цул тӀехьа кхоллало, шена чохь 46 хромосома йолу, зигота. Хин долчу беран стен-боьршалла доза стен-боьршаллин хромосомаш (XX йа XY) вовшахкхетарех, цу тӀе Стеллин зирх даиман а бу X-хромосомаш лелориг, ткъа эрасалхаш — X- йа Y-хромосомаш (йукъаметтиг 1:1). Ишттачу кепара, хин долчу беран стен-боьршалла билгалйоккху нисса стен-боьршаллин хромосомица, иза лелориг йу эрасалх (нагахь X-хромосомаш йелахь — зудабер дийр ду, ткъа Y-хромосомаш йелахь — кӀант вийр ву)[7]. Клеткаш йекъайалар бахьнехь кхоллало бластоциста, иза ворхӀ де-буьйса даьлча беран цӀенна пенаш тӀелета. Бераххиларан хьалхарчу кхаа баттахь йохку кийрарчу беран меженаш, 12-гӀа кӀира чекхдолуш дуьззина кхоллало цӀа. Цунна чухула кийрарчу беранна йуург йогӀу, йиинарг ара а йоккху.

Акушераллехь физиологин а, патологин а бераххилар къастадо. Нормехь муьлхха а бераххилар доьрзу дахкаран актца — дуьненна тӀедолу бер, ткъа масех бераххиларехь — шала бераш (гомозиготан — тера йа гетерозиготан — тера доцуш)[8][9].

Бераххиларан план хӀоттор

Доьзална план хӀоттор иза дешаран, комплексан медицинин йа социалан гӀуллакх ду, цуо цхьацца нахана таро ло, царна йукъахь кхиина бовланза берш а, паргӀата билгалбаккха барам а, бераш дарна йолу йукъаметтигера хан а.

Хьажа кхин а

  • Декхачу дийнатийн пхоралла
  • Гестоз
  • Берахболчеран диабет
  • Адамо берлацар
  • Бераххиларан иммунобиологи
  • Бераш дарна терго
  • Харц бераххилар
  • Масех бераххилар
  • Бераххиларна а, бер дарна а отпуск
  • Ахкарго дӀадукъар
  • Репродуктиван могашалла
  • Адам дахкар
  • Суперфетаци
  • Берахйолчун лазарш дуьйладалар
  • КӀант долаваккхар
  • Эмбриологи

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

   Классификаци
  • МКБ-11: QA41(ингалс.)
  • СМК-ВОЗ: 472990502(ингалс.)
  • МКБ-10: Z33(ингалс.)
  • MeSH: D011247(ингалс.)
  • DiseasesDB: 10545(ингалс.)